Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон а, Къоман гвардин Урхаллин а куьйгаллица а, командирашца а. Цигахь дакъалецира Россин Федерацин Къоман гвардин Къилбаседа Кавказан федеральни округехула йолчу Урхаллин командиран заместитела Делимханов Iалибека а.
Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира кестта тIекхочуш Россин Федерацин Президентан харжамаш хиларе терра, бакъонашларъяран органийн белхахоша къаьсттина само ян езаш хилар.
«Машар а, паргIато а яьккхина вай вешан республикехь. Оцу некъа тIехь шайн синош дIаделла вайн халкъан тоьллачу кIенташа а, йоIарша а, вайн белхан накъосташа а. Таханлера Нохчийчоь Россин субъектех уггаре а кхерамаза йолчарах цхьаъ ю. ХIинца вай декхарийлахь ду кхузара машар а, паргIато а ларйина ца Iаш, вайн кхиамаш кхин а алсамбаха хьовса», – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.
Иштта, республикин Куьйгалхочунна хетарехь, тIахьарчу хенахь, арахьарчу шуьйрачу хаамийн гIирсаша шайн материалашкахь юха а «тIелетарш» долийна Нохчийн Республикина а, цуьнан куьйгаллина а, халкъана а.
«Хаамийн гIирсаша вайна дуьхьал хаддаза язъеш материалаш ю. Цара дийцарехь, республикехь денна а хьоьшуш ю адамийн бакъонаш, хьийзош а, лечкъош а, набахтешка хьийсош а бу маьрша бахархой. Шайна эхь цахетарал сов, цхьа а бух болуш доццушехь яздо цара и хIуманаш. Шина стагана юкъахь дар-дацар нисдаларх а маьршачу бахархошна ницкъ бар ду олий, дIакхайкхадо. Ткъа оццу хенахь, Малхбузено, ма-дарра аьлча, магош а долуш, цхьа а бехк-гунахь доцу адамаш ду дуьне ма-дду хIаллакдеш. И хIуманаш дийца ца лаьа царна. Шайна иза ца гина я ца хуу сурт хIоттадо цара. ТIаккха, схьахетарехь, цара вайна деш долу питанаш вайн юкъараллин барт бохо а, бахархой огIазе бан а Iалашонаш йолуш ду», – элира республикин Куьйгалхочо.
Цул сов, республикин Куьйгалхо тешна ву меттигерчу бакъонашларъяран органийн дуккха а адамаша дакъалоцучу мероприятешкахь кхерамазалла ларъяран декъехь доккха зеделларг хиларх.
«Эзарнашкахь бахархоша дакъалоцучу мероприятешкахь кхерамазалла ларъярехь доккха зеделларг долуш ду шу. ХIора а шарахь, цхьа а кхачамбацар а, кхерам а боцуш, бIеннашкахь дIахьо дуьненаюкъарчу тIегIанера тайп-тайпана акцеш, турнираш, форумаш. Бакъонашларъяран органаша кхачам боллуш шайн болх баран билгало ю иза. Цундела, цхьа а шеко йоцуш, со тешна ву, Россин Президентан харжамаш дIабахьарехь шайна хьалха хIиттийначу декхаршца шу ларориг хиларх. Ткъа шаьш харжамаш вайн республикехь лаккхарчу тIегIанехь дIабахьа безаш бу – цIена а, харцонаш ца лелош а», – элира цо.
И.ИСЛАМОВ
№8, пIераска, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2018 шо