В.Володин: «Керлачу санкцеша Россин юкъараллин барт кхин а чIагIбийр бу»

Россина дуьхьал керла санкцеш юкъаялоран хьокъехь США-хь зорбатоьхначу докладан хьокъехь шена хеташ дерг довзуьйтуш, вайн мехкан Пачхьалкхан Думин Председатела Володин Вячеслава элира: «Вайн махкана дуьхьал 2014-чу шарахь дуьйна яза хIун санкцеш йисина. Амма цара я Россин политикин некъ хийцарна а, я цуьнан суверенитет малъярна а, я халкъашна юкъара барт бохорна а тIе ца дилийна. Россина дуьхьал йинчу керлачу санкцеша юкъараллин кхин а чIогIа барт хиларна тIедалор ду».

В.Володинна хетарехь, тIаьхье йоцуш хIума ду Россин суверенитетана дозанаш детта гIертар. «США-н санкционни политикин жамI ду вайн мехкан таронаш алсамйовлар. ХIинца иза массарна а бIаьрла гуш ду. Иза го дозанал арахьарчу вайн партнерашна а. Вайн махко, йоццачу хенахь, Iаламат боккха некъ бина оборонин промышленностехь импортан метта вайн сурсаташ арахецарехь. Кхиа йолаелла экономика а. Росси дуьненахь машар хилийтарна гIароле хIоьттина, цо ондда тохар дина дуьненаюкъарчу терроризмана», – элира Пачхьалкхан Думин Председатела.

Володин Вяче слава, иштта, билгалдаьккхина: «Россина дуьхьал санкцеш юкъаялор» санкцийн гIоьнца Iамаркан мостагIашна дуьхьал гIуллакхаш даран хьокъехь долчу Актехь» билгалдаьхначу бахьанашца доьзна доцу дукха хан ю».

Цо дийцарехь, «дозанаш деттаран политика – США-н куьйгаллин кхечу мехкашна шайн лаам кочатийсаран кеп ю, цаьрга шайн цхьаннах а бозуш боцу некъ ца байта».

Пачхьалкхан Думин спикера дIахьедира: «Керла санкцеш юкъаялор – иза Россин чоьхьарчу политикина юха а цкъа тIеIаткъам бан гIортар ду. Делахь а, санкцийн хьокъехь къамел деш хилча, вай тидаме эца деза оцу санкцеша США-н бахархошна а тIеIаткъам беш хилар. МогIарера бахархой Iамаркан куьйгалхойн амалтхой хуьлий дIахIуьтту. Цул сов, США-с дан леринарг дуккха а кхечу пачхьалкхех а хьакхалур ду. США-с юкъадалийначу керлачу дозатохарша боккха эшам бийр бу Европерчу бизнесна а».

Иза цу тIехь харц а вац. Iамарк шен санкцешца дуьненна бале яьлла ца Iаш, Iамаркахошна а бале ер ю, йолуш а ю.

Д.АНАДЕВ

№8, пIераска, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: