Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Правительствон декъашхошца а, кIоштийн администрацийн куьйгалхошца а, гIаланийн округийн куьйгалхошца а къинхьегаман рынкехь долчу хьолана лерина кхеташо дIаяьхьира.
Оцу темина доклад еш, кхеташо дIайолийра Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Израйилов IабдулкъахIира. Цо билгалдаьккхира, болхнисбаран службийн органашкахь хьесапе эцначу бахархойн барам, 2018-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахьлерчу хаамашца, 56 224 стаге кхочуш хилар. Оцу службийн органаша дехарца хаддаза болчу балха дIахIоттийна 5 443 стаг. 2017-чу шеран чаккхенехь регионан белхан меттигийн банкехь дIаязйина хилларг 1 724 белхан меттиг ю.
Болхнисбаран службийн проблемех лаьцна а дийцира I.Израйиловс. Царна юкъахь ду болх луш болчара болхнисбаран службашца кхоччуш зIе цалаттор. Бахархошна болхнисбаран туьшахь дIаязйина йолу вакансеш хьесапе эцначу белхазхойн корматаллашца йогIуш цахилар, масех болх цхьаьна баран декъехула къинхьегаман законодательство талхор.
Цо дийцарехь, хьесапе эцна болу белхазхой (корматаллашна) юхакечбарехула дIахьош болх бу.
«Мокъа йолчу белхан меттигашна а, болх боцучу бахархойн корматаллашна а юкъахь йолу башхалла дIаяккхархьама болхнисбаран службийн органаша белхазхой юхакечбарехула а, цаьрга корматаллин дешар чекхдаккхийтарехула а долчу пачхьалкхан хьашташца, бахархошна кхачоярехь болх бу беш. Амма бинчу талламо гайтина болхнисбаран службаша дехарца бахархоша караерзош йолу корматаллаш къинхьегаман рынкан хьашташца даима нийса йогIуш цахилар», – элира I.Израйиловс.
Кадыров Рамзана билгал ма-даккхара, бахархошна белхан меттигаш нисъяран гIуллакх республикин куьйгаллин балхахь уггаре а коьртачех цхьаъ ду. Цо дийцарехь, берриге ницкъаш а, гIирсаш а бахархойн Iер-дахар тодарна а, регионан экономика кхиорна а тIехьажийна бу.
Республикин Куьйгалхочо дагадаийтира 2006-чу шарахь белхазаллин гайтам «кхерамечу хьолехь» хилла хилар – 76 процент. ТIаьхьарчу 10 шарахь даррехь экономикин декъехь долу хьал хийцина ца Iаш, белхазаллин барам лахбан а таро хилла. Таханлерчу дийнахь белхазаллин гайтам 9,1 проценте кхочуш бу.
Цуьнца цхьаьна Кадыров Рамзана билгалдаьккхира и гайтам ма-хуьллу кхин а лахбан безаш хилар. Оцу Iалашонца хIора шарахь белхан керла меттигаш ю кхуллуш. Министерствийн, ведомствийн, кIоштийн администрацийн куьйгалхошна болхнисбаран службашца ма-хуьллу чIогIа зIе латтор, шайн йолчу белхан меттигийн хьокъехь хаамаш шен хеннахь цаьрга дIакхачор тIедиллира Р.Кадыровс.
А.ВАХАЕВА
№8, пIераска, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2018 шо