Дуьненахь а, махкахь а долчу хьолах

Йемен пачхьалкхехь маслаIат хила туьгуш дац. ХIокху деношкахь эккхийтар дар бахьанехь лаххара а полицин 10 белхахо кхелхина, масех стагана чевнаш хилла. Аден шахьарахь болчу сепаратисташна дуьхьал къийсам дIахьош ду Iедалан эскарш. Цигара дукхах йолу гIишлош йохийна бомбанаш, ракеташ йиттина. Уггаре а чIогIа бала хьоьгуш берш маьрша нах бу.
***
Мисарахь ца хуьлуш а дац хIума. Стомара цхьана цIийнан ворхIалгIачу гIатт тIера, троссаш а хаьдда, лифт чудоьжна. И бахьанехь 7 стаг кхелхина, 4 стаг лазийна. Пачхьалкхан леррина комисси вовшахтоьхна и бохам хиларан бахьана къасто а, бехкениг билгалваккха а.
***
Iамаркан Калифорни штатехь вертолет тIедоьжна нах чохь Iаш болчу цIенна. Оцу бохамехь 3 стаг кхелхина, масех стаг лазийна. Мехкан бакъонашларъяран органаша дийцарехь, бохам хилла техника галъялар бахьанехь. Пилотийн вертолет цIенна тIе ца кхетийта ницкъ ца кхаьчна, иза цIеххьана нийсса юьхьар деана хиларна.
***
Хонкаран эскарша Шемарчу Афринехь тIеман операци дIахьочу хенахь курдийн тIемалой а, «Иблисан пачхьалкхан» террористаш а хIаллакбина ца Iаш, маьрша бахархой а бойъу. Таханлерчу денна вийнарг бIе сов маьрша стаг ву. Царна юкъахь зударий, бераш ду. Цу хьокъехь хаамаш бо Шемин Iедалан векалша.
***
США-н Президента Д.Трампа масех де хьалха дIахьедина Россис а, Чино а Iамаркан хьашташна, экономикина, мехаллашна эшам беш хилар, Iамаркан лаам хьесапе оьцуш цахилар. Цуьнца доьзна Чинин кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн ведомствон куьйгалло дIахаийтина шаьш Iамарко деш долчу дIахьедаршна реза цахилар а, цо кхийсарш яран политика йита езаш хилар а.
***
Дуьненаюкъарчу валютийн фондо 500 миллион доллар кредит делла Узбекистанна. И харжаш хьовсор ю оцу махкахь стоьмаш а, хасстоьмаш а, царах гIуллакхдар а кхиорна. Узбекистанан юьртан бахаман министерствон говзанчаша чIагIдарехь, стоьмаш а, хасстоьмаш а кхиорна тIаьхьарчу хенахь боккха тидам тIебохуьйту мехкан куьйгалло. Иза санехь а карадо.
***
Россин Президентан В.Путинан телефонехула къамел хилира Хонкаран Президентаца Р.Эрдоганца. Цара коьртачу декъана дийцаре дира Шемахь долу хьал а, Хонкарахь «Аккую» атомни электростанци яран а, «Хонкара некъ» газ йилларан а, цхьамогIа кхин а гIуллакхаш. Къаьсттина тидам тIебахийтира Шемахь маслаIат дархьама дан дезачу гIуллакхашна.
***
Россин харжамийн Коьртачу комиссехь стомара сацийна мехкан Президентан кандидаташкахьа яздина куьйгаш долу кехаташ схьаэцар. Оцу денна схьаэцнарш ялх кандидатера кехаташ дара, кхин а шина кандидатан кехаташца дерг а йист яьлла дара. Делахь-хIета, кху шеран бекарг (март) беттан 18-чу дийнахь дIахьон болчу Президентан харжамашна леринчу бюллетенашна юкъаваха тарлуш верг 8 кандидат ву.
***
Тахана, чиллин (февраль) беттан 2-чу дийнахь дуьненаюкъарчу космосан станцехь болх беш болу Россин космонавташ космосан есалле арабевр бу. ЦхьамогIа Iилманан-талламан белхаш а, зераш а дIадахьа дагахь бу уьш.
***
Къилбаседа Корейхь волчу Россин посолана хетарехь, оцу пачхьалкхана мехкадаьттан сурсаташ дохкар хIокху муьрехь сацон мегар дац. ХIунда аьлча, цо ондда тохар дийр ду цуьнан экономикина. Ткъа Iедало иза Россис шена дуьхьал тIом болор санна лара тарло. Иза вайн махкана санехь хир дац.
***
Москвахь доккха ло диллина. Синоптикаша дийцарехь, кхана-лама кхитIе а дилла тарлуш а ду. Урамашкара, некъашкара ло дIадоккхуш ву хIусамийн-коммунальни бахаман лаххара а 14 эзар белхахо а, техника а. Амма уьш а кхачам боллуш ларош бац. Некъашца транспортан бохамаш дукха хуьлу. Оцу бохамашкахь 1 стаг кхелхина, иттех стаг лазийна.

№8, пIераска, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: