Прививка ца яйтаран тIаьхье лазаме хила тарло

Берана вакцинаци ян еза я ца еза бохуш дукха хабарш даржийна вайн республикехь хьовха, ерриге пачхьалкхехь а. Инфекцешна дуьхьал вакцинаци ца яйтинчу берийн дай-наношна хаа деза иза оцу берана беш иэшам хилар. Микробех а, вирусех а доьттина долчу кху дуьнен чу деана бер муьлххачу дийнахь я сохьтехь инфекцино лаца тарло. Дай-наноша хьалхачул а чIогIа тергонехь латтош, чIагIъян езар ю прививка ца яйтинчу берийн иммунни система.

Хууш ма-хиллара вайн заманахь хIора доьзалера бохург санна бер берийн беша лелаш ду. Берийн бешахь инфекци яьржина карантин хилча, вакцинаци ца йиначу беран инфекцин «инкубационни» мур чекхбаллалц беша лела бакъо яц. Нагахь санна цхьана инфекцина тIаьххье йогIуш шолгIа а, кхоалгIа а карантин нислахь, цу беран масех бутт, берийн беша лела йиш йоцуш, юкъара болу. Прививка ца яйтинчу берана уллехь 60 дийнахь дита мегар дац полиомиелитана вакцина йина бер. Полиомиелитана вакцина йина бер берийн беша я школе лелаш делахь, вакцина ца йина бер шина баттана карантине дохуьйту, хIунда аьлча, инфекцина дуьхьал вакцина йина ца хиларна и цамгар царна тIеяларна боккха кхерам бу.

Полиомиелитана вакцина ца яйтина бер кхечу пачхьалкха ца дита а тарло. Иза доьзна ду дукхах йолчу пачхьалкхашкахь дуьненаюкъара медико-санитарни бакъенашца я пачхьалкхашна юкъахь бинчу бартаца.

Прививка ца йина бер дукха лерина лардан дезаш ду кхечеран тайнигех, беро ловзо схьаэцнехь а, йилина, цIена хила еза тайниг, гигиенин бехкамаш ларбойтуш тидамехь латто деза бераш.

Берийн бешахь тайнигашкахула а, школехь канцелярски гIирсашкахула а дIасаяржа тарло инфекци. Берана дукха хIуманаш дехка долийча цуьнан психикина вочу агIор тIеIаткъам хила а герга ду. Гепатит В инфекци йолчеран доIахан цамгар гучуяларна боккха кхерам бу.

Цхьаболчу дай-наношна шайн берашна цхьа а цамгар яла йиш яц аьлла хета. Юучуьнца-молучуьнца кхачо а хилча, доьзалехь цхьа а наркоман а ца хилча и кхерам шайна тIехболу аьлла хета. Амма иза иштта ца хилар гуш ду. Берийн бешахь бераш вовшахлета я охьакхета, эццахь цIий даьлча кхерам бу инфекци йолчунна тIера кхечунна тIеяларна. Гепатит инфекци хьакхаелла бер дукха хьолахь даима а цомгаш лела.

Цундела баккхийчарна хаа деза: тIейогIучу хенахь жимачохь прививка ца яйтинарг балха схьа ца эца тарло. И болх инфекцин цамгарш тIеяларна кхераме белахь жимачохь дас-нанас шена мел ца яйтина прививкаш ян дезар ду. Вакцинаци ца йойтуш я иза яйтар тIаьхьатеттар сих-сиха нисло. Вакцинаци ца яйтаран бахьана дай-наношна шайн бераш карарчу хенахь могаш гар ду. Амма бер цомгаш хилча а, да-нана массо а хIуманна кийча а хуьлу, реза а хуьлу, молха-дарба лаха дезий хаьа. Бер могаш долчу хенахь дуьйна хила деза да-нана шайн беран могашаллина саготта.

Россехь 1998–1999-чуй шерашкахь дуьйна гIуллакх деш долчу «Инфекцин цамгаршна иммунопрофилактика яра хьокъехь» а, «Бахархойн санитарни-эпидемиологин аьттонан хьокъехь» а, Федеральни законашца нийса а догIуш долчу ша а, шен бераш а инфекцин цамгарх лардар – иза бакъо хилла ца Iаш, хIораннан а декхар а ду. Профилактикин прививкаш яран Къоман рузма – иза – бакъонан нормативни акт ду, шен хIоттийна раж а, хенаш а йолуш.

Делахь а, прививка ца яйтарх я тIедужуш жоьпалла дац. Вакцинаци яр хIораннан, шен лааме хьаьжжина, гIуллакх ду. Воккханиг шех жоп делла ца Iаш, шайн берийн могашаллех а жоп дала дезаш ву. Бер цамгар, инфекци тIеяларх лардар – иза вай вешан гергарнаш, кхин долу бераш лардар ду. Вайн заманахь адам дIасадахар, хIокху гIалара кхечу гIала я кхечу пачхьалкхе кхачар 2–3 сохьтехь хуьлуш ду. Цундела ваьш вочух лардаларца, ваьшна гонахара нах а ларбо вай.

З.ЦОНТОРОЕВА

№8, пIераска, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: