Дукха хенахь дуьйна болх беш ю Ленински кIоштарчу Соьлжера дешаран юкъара комбинат.
2013-чу шарахь цуьнан цIе хийцина пачхьалкхан бюджетни учреждени – республикин берийн-кхиазхойн туш, аьлла.

2011-чу шарахь дуьйна туьшан директор Мустафинова Светлана ю. Соьлжа-ГIалара лаккхара дешаран шиъ заведени чекхъяьккхина, биологан а, экономистан а говзаллаш караерзийна цо. Светланас дийцира шайн туьшах лаьцна.
– Таханлерчу дийнахь тхан коллективехь болх беш 25 хьехархо а, тайп-тайпана говзаллашна Iемаш 1450 дешархо а ву. Кхузахь Iамош ю: парикмахеран, кондитеран, ЭВМ-н операторан, дечиг-пхьеран, ингалсан меттан, гайтаман исбаьхьаллин, нохчийн мотт кхин тIе Iаморан, хореографин, медицинин говзаллаш караерзоран курсаш, иштта, хинкема вовшахтасаран, кхоллараллин кружокаш. Божаберашна спортан тхэквондон а, зудаберашна хIуманаш яра а, тега а Iаморан кружокаш ю кхузахь. Соьлжа-ГIалин гонахарчу школашкара берашца бина ца Iаш, оха кхин а коррекционни шина школа-интернатерчу заьIап берашца а бо болх. Кхушара дуьйна кхузахь берашна кхин говзаллаш а Iамор ю: хасстоьмашлелор, дечиган пхьола, декоративни-прикладни искусство (поппарца а, кехатца а болх бар).
Тхан таро ю республикин хьехархошца методикин балхехула къаьсттина заьIап берашна а, могашалла ледара йолчу берашна а леринчу ресурсийн туш схьаелла.
Республикин туш хиларе терра, вовшахтуху дешаран а, культурин а мероприятеш. Иштта, даима а тергонехь латтабо хьехархойн говзалла лакхаяккхаран болх а.
Йоккха комплекс ю хIара. Соьлжа-ГIалин №42, №60, №38, №58, йолчу школашца гергарло ду тхан. Дешар маьхза ду. Берийн аьтто бу шайн мокъачу хенахь муьлхха а говзалла Iамо. Масала, ингалсан меттан я хореографин курсашкахь деша аьтто бу. Вайн республикин муьлххачу кIоштара а, Соьлжа-ГIалара а бераш деша схьаоьцу оха. Царна аьтто болчу агIор, церан шайн школашкара дешарх мокъа йолчу хенахь нисйина хIоттийна ю оха тхайн дешаран раж, – дуьйцу Мустафинова Светланас.
Суьйранна болх беш хуьлу спортан тоба а, техникин кружок а. Производственни чоьнаш а, цехаш а, актови зал а ю кхузахь.
Вайн республикин дешаран а, Iилманан а министерствос «Газель» микроавтобус елла бераш дIасалело. Цул сов, компьютершца а, кхечу гIирсаца а гIо дина. Ерриге а кабинеташ кхузаманан хьелаш долуш, кечйина ю. Хьехархочо Темирсултанова Ирсас берашна бусалба дин, нохчийн къоман гIиллакх-оьздангалла, Iадаташ, ламасташ хьоьху.
Кхузахь дуккха а бераш ду медицинин курсашкахь доьшуш. Дешна бевлча царна маха тоха а, цIийн таIам буста а, сихха оьшу хьалхара гIо дан Iема. Курсаш чекхъяьхча сертификаташ ло. Лаккхара дешар деша дIахIуттуш оьшу уьш. Республикин конкурсашкахь дакъалаьцначу толамхошна дешаран а, Iилманан а министерствон куьйгалло Сийлаллин грамоташца совгIаташ до.
ХIокху учрежденехь дуккха а шерашкахь белхаш бина зеделларг долу хьехархой бу. Цадаева Розас берашна хIуманаш яра а, тега а Iамадо. Дадаева Малкана, лаккхарчу категорин говзанчас, парикмахеран белхан къайленаш йовзуьйту. Техникин агIор божабераш – кхиазхой Iамош ву Талаев Муса. Кхиболу хьехархой, къона белахь а, шайн болх бевзаш а, безаш а бу. Коллектив барт болуш, шена тIедехкина декхарш кхочушдеш ю.
ХIора шарахь кхузара хьехархой а, дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран Нохчийн институте курсашка а хьовсабо. Цул тIаьхьа царна тоьшаллин кехаташ ло. Шайн ма-хуьллу кхиа гIерташ къахьоьгуш а, шен болх цIе дикачу агIор яккхийта лууш а ду туьшан куьйгалла.
АСИЕВА Фатима
№8, пIераска, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2018 шо