ХIокху деношкахь Нальчик гIалахь (ГIебартойн-Балкхаройчоь) дIаяьхьира кегийрхошлахь греко-римски кепара охьатохархлатарехула схьайиллина турнир.

Цигахь дакъалоцуш бара СКФО-н субъекташкара спортсменаш. Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира.
Финалехь шайн-шайн йозаллин категорешкахь хьалхара меттигаш ехира А.Алиевс (32 кг.) – №7 ДЮСШ, И.Заураевс (60 кг.) – РДЮСШ. ШолгIа меттигаш бехира: А.-М.Кудузовс (32 кг.) а (РСШСБ), М.Товсултановс (46 кг.) а (Теркан кIоштан ДЮСШ). КхоалгIа меттигаш кхечира: Э.Эскерхановна (32 кг.) – №7 ДЮСШ а, Э.Закриевна (38 кг.) №7 ДЮСШ а.
Иштта, турниран уггаре а дика тренер ву аьлла, билгалваьккхира Нохчийн Республикин греко-римски кепара охьатохархлатаран вовшахтоьхначу командин тренер Б.Тарамов.
Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу уьш Iамийна церан тренерш: Б.Тулаев, И.Исраилов, М.Батаев, И.Исраилов, М.Батаев, Б.Тарамов.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№8, пIераска, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2018 шо