ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин М.Миллионщиковн цIарахчу университетехь Россин студентийн денна лерина даздарш дIадаьхьира.

Цигахь дакъалецира университетан кхетош-кхиоран а, социальни а балхехула волчу проректора Салгириев Рустама, кегийрхойн «Молодежка ОНФ» организацин координатора Асхабов Беслана, иштта кхечара а.
Студентийн денна лерина цхьаьнакхетар дIадолош, университетан ректоран Таймасханов Хьасанан цIарах студенташка декъалдаран дешнаш элира Р.Салгириевс.
Цо билгалдаьккхира, таханлера студенташ деша лууш а, дика доьшуш а, хаарш кIорггера долуш а хилар, иштта, университетан юкъараллин дахарехь а, вайн республикехь дIахьош долчу даздаршкахь а жигара дакъалоцуш хилар.
– Вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана еш йолу терго бахьана долуш а, дешаран а, Iилманан а министерствон а гIоьнца, вайн студентийн таро ю дешаран а, культурин а, спортан а дакъошкахь шайн хьуьнарш гайта. Iилмане кхийдаш болу студенташ шо шаре даларца алсамбовлуш бу, – элира Р.Салгириевс.
Асхабов Беслана билгалдаьккхира, студентийн дахар уггаре а хаза хан хилар.
– Муьлххачун а дахарехь хаза дагалецамаш буьсу студентийн шерашца боьзна. Университетехь, институтехь карадерзош долчу хаарша гIо до дахаран новкъа вала, шен меттиг каро, – элира цо.
Студентийн денна лерина даздарш дерзош, университетан юкъараллин дахарехь жигара дакъалацарна а, дешаран а, культурин а, спортан а хьаьрмашкахь кхиамаш бахарна а тоьллачу 70 студентана баркаллин кехаташ делира.
З.ХАСИЕВА
Суьрта тIехь: даздаран дакъалацархой
№8, пIераска, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2018 шо