ДIадаханчу шеран тIаьххьарчу беттан 25-гIа де беркате деара Хажбикарова Маретана. Оцу дийнахь филологин Iилманийн кандидатан диссертаци чIагIйира цо.

Марета 7-чу классехь доьшуш а йолуш, къастийра ша деша гIур йолу кхерч. Иза филологин факультетан вайнехан отделени яра. Дас-нанас даима а нохчийн мотт хесторна, школехь хьехархочо дукха хаза буьйцуш марзбарна кхоллаеллера йоьIан и ойла. Цуьнан ойла кхочуш а хилира.
Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1991-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетан вайнехан отделене деша яхара иза. Университетехь доьшучу хенахь дуьйна а Арсанов СаьIид-Бейн кхолларалла дукхаезаш яра Марет. Дешна яьллачул тIаьхьа Нохчийн пачхьалкхан университетехь оьрсийн литература хьийхира цо. Цигахь 18 шарахь болх бира Марета. Иштта республикин «Даймохк» газетехь а болх бина ю иза.
Карарчу хенахь Россин Iилманийн академин Хь.Ибрагимовн цIарах йолчу Iилманан-талламийн комплексни институтехь меттан а, культурологин а отделехь Iилманан белхахо ю иза.
Арсанов СаьIид-Бейн «Маца девза доттагIалла» роман шен диссертацина харжаран бахьанех лаьцна иштта дийцира Хажбикарова Марета: – Университетехь доьшуш йолчу хенахь дуьйна хазахетара суна Арсанов СаьIид-Бейн кхолларалла. Цундела, диссертацина тема къасторехь геннара ойланаш ян ца дийзира сан.
ДIадаханчу шеран гIуран (декабрь) беттан 25-чу дийнахь чIагIйира Марета шен диссертаци. Цо дийцарехь, дукха къахьийгира цо шен Iилманан балха тIехь.
Цо даггара баркалла боху, ша диссертаци тIехь болх бечу хенахь хаддаза шена гIо-накъосталла динчарна. Уьш бу профессор, филологин Iилманийн доктор Халидов Муса, филологин Iилманийн доктор Джамбеков ШаIрани, профессор, филологин Iилманийн доктор, Россин Федерацин Iилманан хьакъволу гIуллакххо Туркаев Хьасан, профессор, филологин Iилманийн доктор Хусиханов Ахьмад.
Кандидатан диссертаци чIагIъярца декъалъян лаьа Хажбикарова Марет. Лаьа, Iилманан декъехула цуьнан кхин а баккхий кхиамаш хуьлийла.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрта тIехь: Хажбикарова Марет
№8, пIераска, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2018 шо