«СтелаIад» журналан керла йоьалгIа номер араяьлла. Иза дIайолайо М.Мамакаевн «Даймахке» байто.
Берийн самукъадолу, керла шо тIедогIуш хIоттийначу базалгана гонаха хуьлучу ловзарех. Оцу дезачу дийнан сурт хIоттош ю журналехь зорбатоьхна Т.Ахмадован «Керла шо» байт.
«… Гаьннаш тIера бIаьргаш къерзош,
Къайлах хьуьйсу «бухIанаш».
Маса хьийза тахна бераш.
Партал «ча» ю забарш еш», – яздо автора.
Журналан агIонаш къагийна а ца Iаш, дог делош ду редакцис тIетоьхна берийн суьрташ. Уьш «СтелаIодан» истори юкъадахана.
Вайн республикера ламанца йолу ярташ шатайпа хаза, исбаьхьа ю. Цигарчу хIора юьртах а, бахархойх а лаьцна дийца дуккха а ду. Цунах лаьцна ду М.Ахмадовс яздина «Къоман шира кхерчаш» дешнаш.
«… Масех юрт чулоцуш мохк бу Шуьйта:
Бацах юьзна басеш, чухчареш.
Беркат дохьуш хIораммо шен уьйтIа,
Хилла кхузахь хьанал белхаш беш…»
Алиев Мохьмада яздинчу «ГIура-Дадин хьехам» туьйранехь девзар ду шеран хенаша дечу дикачу гIуллакхех лаьцна. Уьш автора довзуьйту цара вовшашка дечу къамелашкахь а, ГIура-Дадас царна бечу хьехамехь а.
«Iа, хIинца соьга ладогIалахь! Хьо хаза муха хуьлу, массо хIума ахь шелдеш хилча, гIорош хилча. Со ю-кх хаза. Ахь шелйина хIуманаш йохйо ас, ахь гIорийна хIуманаш йосту ас. Гиний хьуна, ахь гIорийна дуьне ас достий, охьахьовду сирла, цIена хиш, маьI-маьIIехь маьлхан басенашкахь гучудовлу лайн зезагаш, гIеххьа сенаш а тосий, дендала гIерташ хуьлу дитташ, наг-наггахь хеза бовхачу махкара схьакхаьчначу олхазарийн декар, – аьлла бIаьстенан юьхьо», – яздо М.Алиевс.
КхидIа журнал дешархойн еша аьтто хир бу С.Дикаевн «Iаьнан суьйре», Д.Кагермановн «Газа-гуьзалг», «Къинхетаме дог», З.Эльдерханован «Бепиган цуьрг», Ж.Махмаевн «Iамош ю», «Чайна чу а тосуш…», «КIайн хилийта», С.-М.Гелагаевн «Бирдолагаш» говзарш а, халкъан туьйра «Хьекъал а, ирс а».
«СтелаIодан дошамехь» берашна девзар ду керла дешнаш. Масала, «окъам» – боккха тIулг, «чIеIа» – делха, и.дI.кх.
Керимов Iабдула хIоттийна «Хаар-зер» кроссворд пайдехь хир ю берашна. Даима санна журналан агIонаш хазйина къегина дехкинчу суьрташа. Мужалта тIера сурт диллина Дадакаева Элитас.
Л.ДАУТОВА
№8, пIераска, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2018 шо