Чиллин беттан 1-ра де, 1959-гIа шо. Веданан кIоштан Гуьнахь вина Джанаралиев Iимран, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист.
Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман отделенехь.
Къинхьегаман некъ дIаболабо Гуьнарчу юккъерчу школехь нохчийн меттан, литературин хьехархо волуш.
1987-чу шарахь Веданан кIоштарчу «Колхозан дахар» газете балха хIутту. Цунах хилира шен дахаран коьрта некъ къастор. ХIетахь дуьйна нохчийн журналистикехь жигара къахьийгира Iимрана.
1989–1993-чуй шерашкахь болх бо «Ленинан некъ» («Даймохк») газетехь (корреспондент, отделан редактор волуш). Оцу шерашкахь хуьлу цуьнан корматалле журналист санна кхиар. Нохчийн маттахь яздечу тоьллачу журналистех цхьаъ хуьлий дIахIутту иза.
1993-чу шарахь «СтелаIад» цIе йолчу берийн журналан коьрта редактор чIагIво I.Джанаралиев. Шен дахаран тIаьххьара де кхаччалц бо цо и болх. Кхузахь гучудолу Iимран говза, похIме журналист хилла ца Iаш, дика вовшахтохархо а хилар. Дукха а, беркате а болх бира I.Джанаралиевс назманаш гулъеш а, уьш дIаязъеш а.
2003-чу шарахь ша гулйинчу назманийн хьалхара гулар зорбане а яьккхира цо. «Юьртан, мехкан дика-вон лоьруш лаьттинчу, лаьттачу къонахашна» лерира Iимрана и мехала болх. Джанаралиев Iимран ша а вара ишттачу къонахех.
Кхалхар хилла 2007-чу шарахь.
Чиллин беттан 4-гIа де, 1951-гIа шо. Вина Вахидов Бай-Iела, актер, Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан артист.
1978-чу шарахь чекхъяьккхина Ленинградера театран, музыкин, кинематографин институт. Оцу шарахь дуьйна таханлера де кхаччалц Х.Нурадиловн цIарахчу нохчийн пахьалкхан драматически театрехь болх беш ву.
Хьовсархойн дагахь дисина дукха васташ кхоьллина цо нохчийн театран сцени тIехь: Мухтар (С.Гацаевн «Пелхьонаш»), Леонардо (Г.Лоркин «ЦIий Iанийна ловзар»), Жухарг (Р.Хакишевн «Дай баьхна латта»), Чаборз (И.Базоркинан, М.Солцаевн «БIешерийн боданера»), Фердинанд (Ф.Шиллеран «Ямартло а, безам а»), Летчик (А.Экзюперин «Жима эла»), иттаннаш кхин а.
Нохчийн театран юьхь ечу актерех цхьаъ хилла схьавогIу Вахидов Бай-Iела.
Чиллин беттан 5-гIа де, 1952-гIа шо. Казахстанан Ленгер гIалахь вина Акаев Вахьид, философин Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик.
Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан физикин-математикин факультетехь, цул тIаьхьа Москвахь В.И.Ленинан цIарахчу пачхьалкхан хьехархойн институтан аспирантурехь. Белхаш бина юкъарадешаран учрежденешкахь, Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институтехь, Нохчийн пачхьалкхан универститетехь, карарчу хенахь оцу университетан социальни белхан теорин а, практикин а кафедрин куьйгалхо ву.
1980-чу шарахь чIагIйо философин Iилманийн кандидатан диссертаци, 2004-чу шарахь Ростов гIаларчу пачхьалкхан университетехь кхиамца чIагIйо философин Iилманийн докторан диссертаци («Iаьрбийн-бусалбанийн культурина юкъа суфизмо диллина дакъа»).
Нохчийн юкъаралло а, Iилманчаша а дика тIеэцна цуьнан «Шайх Кунта-Хьаьжа: дахар а, хьехамаш а», «Къилбаседа Кавказехь суфизм а, ваххабизм а», «Нохчийн Республикехь Ислам юхадендалар», иштта кхиболу а Iилманан белхаш. Цуьнан белхаш зорбане бийлина дозанал арахь а: Англехь, Данехь, Норвегехь, Финляндехь.
Чиллин беттан 5-гIа де, 1958-гIа шо. Веданан кIоштан Марзой-Мохк юьртахь вина Ибрагимов Мовсар, историн Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетехь.
1989-чу шарахь чIагIйо историн Iилманийн кандидатан диссертаци, кхин 10 шо даьлча Москварчу пачхьалкхан хьехархойн университетехь кхиамца чIагIйо историн Iилманийн докторан диссертаци. Белхаш бина Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн инстутехь (историн кафедрин ассистент, лакхара хьехархо, кафедрин заведующи), Москварчу пачхьалкхан хьехархойн университетехь (историн кафедрин профессор).
2005–2007-чуй шерашкахь Нохчийн Республикин къоман политикин, зорбанан, хаамийн министр лаьтта. Иттаннаш Iилманан белхийн автор. Царна юкъахь ю монографеш: «Къилбаседа Кавказан къаьмнаш Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман шерашкахь», «Iедал а, юкъаралла а Сийлахь-боккхачу Даймехкан тІеман шерашкахь (Къилбаседа Кавказан къаьмнийн республикийн масална тIехь)», «Нохчийн республика Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман шерашкахь» (соавторца цхьаьна).
Карарчу хенахь Нохчийн пачхьалкъан университетан Россин историн кафедрин профессор ву.
№8, пIераска, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2018 шо