Республикин цIий доттаран станцехь Россин «ЦIен жIар» организацин председатела Лукутцова Раисас, цуьнан заместитела Камозина Людмилас, «Со хьан донор ву» проектан координатора Бухаров Сергейс, Россин ЦIечу жIаран Нохчийн Республикехь йолчу региональни отделенин председатела Докуев Хожбаудис, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин декъашхочо Муциев Мамийс, лакхахь хьахийна проект а йовзуьйтуш, пресс-конференци елира шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшна.

Пресс-конференцехь, хьалхара дош а олуш, йистхилира Россин «ЦIен жIар» организацин председатель Лукутцова Раиса.
– Юкъараллин организацех уггаре а шираниг ю «ЦIен жIар» организаци. Еххачу хенахь дуккха а адамашна гIо-накъосталла а деш, тIемаш, Iаламан бохамаш хуьлучохь нахана оьшучуьнга хьожуш схьайогIуш ю организаци. Хала хенаш а яьхкина организацин дахарехь. Амма, мел халонаш тIехIиттарх, гIо оьшуш веанчунна гIо ца деш Iийна бац цкъа а организацин белхахой.
2004-чу шарахь хиллера со Соьлжа-ГIалахь. Тахана Соьлжа-ГIалахь долу сурт а гина, гIеххьачул цецъяьлла а ю со. ХIетахь дерг цкъа а хила а хиллий-те кхузахь, аьлла йиснера со. Суна хазахийтира Соьлжа-ГIала иштта хаза а, цIена а гича.
«Со хьан донор ву» проектах дерг аьлча, дийца а ца оьшуш, вайна массарна а хаьа «донор» бохучу дешан маьIна а, цо дийриг а. Донор шен цIий дIаделла ца Iа, цIий даларца шен синан цхьа дакъа ду цо дIалуш дерг. Ткъа цул деза хIун хир ду?! ЦIий даларца кхечу стеган дахар ду цо кIелхьардоккхург. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана йоккха терго йо шен халкъан а, мехкан а. Республикин Куьйгалхочуьнгахь хила еза амал ю цуьнгахь, – бохура цо.
Россин «ЦIен жIар» организацин векалш вайн республике баьхкина хиларх хаза кхаъ хилар хоуьйтуш йистхилира Нохчийн Республикин хьакъйолу лор Татаева Зураъ: – Вайна массарна а хаьа «ЦIен жIар» организацис беш болу болх мел мехала бу. Тахана шун организацин векалш кхуза баьхкина хиларх боккха кхаъ хилла тхуна. Боккха кхаъ бу, «ЦIен жIар» организацис Президентан грант яьккхина хилар. Со тешна ю, цуьнан дика тIаьхьало хирг хиларх.
«Со хьан донор ву» проект вовшахтоьхначара дийцарехь, юкъараллин организацешна юкъахь Президентан грант яьккхина «ЦIен жIар» организацис. 2017-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна Кемеровн а, Костроман а, Москван а, Пскован а, Саратовн а областашкахь а, ГIирмехь а, Нохчийн Республикехь а, Санкт-Петербургехь а, Хабаровскан а, Приморскан а крайшкахь а дIаболийна вай юьйцучу проектан гурашкахь болх.
– «Со хьан донор ву» проектан болх дIаболийна дукха хан яцахь а, хIинцале а дика жамIаш ду. Масала, дукха хан йоццуш оха дIаяьхьначу акцехь дакъалаьцначу 80 сов стагах 45 стага цIий дIаделира. ТIаккха иза мел доккха хIума ду. Могашчу стага дIаделлачу цIийно хийлазза кхечу стеган дахар кIелхьара ма доккху. Со тешна ву, «Со хьан донор ву» проект вайна массарна а беркате хирг хиларх, – элира Докуев Хожбаудис.
Хьеший бистхиллачул тIаьхьа дIайолийра пресс-конференци. «Со хьан донор ву» проектах а, цуьнан балхах а лаьцна хаттарш дира шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалша. Царна кхачам боллуш жоьпаш а делира. Пресс-конференци чекхъяьлча Докуев Хожбаудис Баркаллин кехаташ делира жигарчу доноршна.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан суьрташ тIехь: пресс-конференцин дакъалацархой
№9, шинара, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де, 2018 шо