Кеста схьайоьллур ю кир боккху завод

Карарчу шеран оханан (апрель) беттан чаккхенехь республикехь схьаелла лерина кир баккхаран завод. Предприяти инновацийн «Казбек» олучу технопаркана юкъайогIуш ю. Иштта хаам бина оцу проектан коьртачу директора Байсулаев Асвада.

«Шелан кIоштахь, 20 гектар майда дIа а лаьцна, карарчу хенахь юьллуш ю инновацийн «Казбек» цIе йолу технопарк. Цунна йиъ завод юкъайогIу: газобетонан блокаш а, экъанаш а яран, фиброцементан листаш даран, гIишлошъяран кочалш а, кир баккхаран завод. Кир баккхаран завод карарчу шеран оханан (апрель) беттан чаккхенехь схьаелла дагахь ду тхо. Цуьнан проектаца йогIуш йолу нуьцкъалла шарахь 32,4 эзар тонна хир ю», – элира Байсулаев Асвада.

Лакхахь хьахийначу технопаркана юкъайогIуш йолу йиъ завод 2019-чу шарахь схьаелла лерина. Инвестор «Внешэкономбанк» ю.

«Къилбаседа Кавказехь а уггаре яккхийчарах цхьаъ ларалуш ю и проект. Оцу проекто еккъа заводашкахь 400 сов а, цаьрца доьзначу дакъошкахь кхин 2–3 эзар а белхан меттигаш кхуллур ю. Церан алапаш а республикехь «хIоьттинчу» юкъарчу барамал а лакхара хир ду», – дийцира коьртачу директора.

Иштта, цо дийцарехь, инновацийн «Казбек» цIе йолу технопарк Нохчийн Республикехь хьалхарниг ю.

«Евроцементан гIирсаш ларалуш йолу сайдинг, гериг, целлюлозин буха тIехь бина болу пенаш кечдаран гIирсаш баран завод а хир ю вайн. Россехь беш болчу оцу гIирсаша а, сурсаташа а чуьра рынок 18 процентана бен дIа ца лоцу, кхидIа йолу проценташ арахьара чукхоьхьучу сурсаташа дIалаьцна ю. Цундела, вайн заводо бен болу гIирсаш а, сурсаташ а дохка рынок йолуш ю-кх», – тIетуьйхира Байсулаев Асвада.

И.ИСЛАМОВ

№9, шинара, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: