ТIаьхьарчу хенахь вайн республикехь тайп-тайпана гIишлош еш жигара белхаш бу дIахьош. Иштта Шелахь яккхийчу гIишлойн «Шали-Сити» комплекс еш белхаш бу дIахьош, уьш чекхбевр бу тIедогIучу шарахь.
«Шали-Сити» комплекс еш шина урамера цIенош дIадаьхна Шелахь. Церан метта Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана керла цIенош ду дойтуш. Цигахь гIишлошъярехь къахьоьгуш волчу белхалочо Дубаев Сайд-Хьамзата дийцира, цIенош кхоччуш аьттонаш болуш а, хIора а 120 сов квадратан метр йолуш а ду, царна чохь ялх чоь а ю, аьлла. Иштта, итт метр деха рагIу а ду. Коьрта белхаш чекхбевлла. Газ а, хи а чудалийна.
С.-М.Дубаевс билгалдаьккхира шайна тIе хIиттийна болчу куьйгалхоша гIишлошъярна тIехь леррина терго латтош хилар а, белхан гIуллакхна оьшуш болу гIирсаш шен хеннахь, схьакхачош хилар а.
– Оха бина болчу балхе хьаьжжина, алапа а хуьлу, иза шен хеннахь схьа а ло Iуьйранна схьа а догIий, пхьуьйра ламазан хан хиллалц къахьоьгу шаьш бохуш, – дийцира белхалочо.
Иштта, цо хаийтира хIокху шеран бекарг (март) баттахь цIенош дина довла дезаш хилар.
И.АЛИЕВ
Авторан сурт
№9, шинара, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де, 2018 шо