Республикехь пхиъ бен йоцчу гIаланех цхьаъ ю Шела. 53 эзар вахархо а волуш, 27,02 км2 майда дIа а лаьцна Iуьллу иза. 1990-гIа шо кхаччалц юрт а лаьттина, цул тIаьхьа гIала хилла Шелах, бахархойн барамца дуьстича, Wikipedia-с лучу хаамашца нийса а догIуш, Россин Федерацин 1 112 гIалина юкъахь 310 меттехь ю.

Экономикин а, промышленностан а яккхий объекташ ца хиллехь а, Нохчийчоьнан исторехь мехала меттиг дIалоцуш ю Шела. Иза, Гихта а, Майртуп а, Чечана а санна, шен бIаьхаллица йисина халкъан исторехь.
Таханлера Шела, республикин кхийолу шахьарш а санна, тIамах меттахIоьттина ца Iаш, хазлуш, кхуьуш схьайогIуш ю.
Карарчу хенахь оцу гIали юккъехь ю дукхахьаштийн «Шали-Сити» комплекс а, 20 эзар стагана лерина Европехь а уггаре доккха ларалуш долу маьждиг а.
«Шали-Сити» – Шела юккъехь кхочушъеш йолу инвестицийн йоккха проект ю. Цунна юкъайогIу 7 гIишло: 12 а, 14 а, 16 а гIат долу шишша цIа а, 21 гIат долу коьрта гIишло а. 21 гIат долу гIишло нохчийн тIеман бIаьвнан кепехь йина а, вукху 6 гIишлонна юкъахь а ю. Цу чохь хIинцале а жим-жима дIатарлуш ю Шелан кIоштан администраци а, Шелан мэри а, иштта, кIоштан кхийолу организацеш а, учрежденеш а. Цул сов, цу чохь «ShaliCityHotel» цIе йолу отель а, ресторан а, кафе а, офисашна лерина чоьнаш а ю.
Оццу комплексана хьалха дечу маьждигах лаьцна аьлча, ца кхоьрруш билгалдаккха догIу цу чу 20 эзар стаг тарлург хилар а, иза Европехь а уггаре а доккха хирг хилар а.
Кадыров Рамзанан цIарах долу и маьждиг узбекийн гIишлойн куц-кепехь деш ду. ТIехулара пенаш Желтойчуьра схьакхоьхьучу кIайчу мармарца кечдеш ду. Маьждиган 4 момсаран локхалла 63 метр ю, ткъа тхевнан локхалла – 43 метр. Цунна хьалха 12 чухчари йолуш парк ян лерина.
Иштта, дукхахьаштийн «Шали-Сити» комплексана а, Кадыров Рамзанан цIарахчу маьждигна а юкъарчу майданахь меттигерчу бахархошна а, хьешашна а лерина садаIаран а, спортан а, ловзаран а майданаш кечъяран белхаш дIаболийна.
Оцу шина объектана мелла а дехьаваьлча, гучудолу, царна гонахара гIишлош дIаяьхна хилар. Некъаш шордаран а, тоькан а, хинан а, газан а, интернетан а, телефонан зIенан а линеш хийцаран а, цIинъяран а, цхьаццанхьа уьш лаьтта бухахула яхийтаран а белхаш бу дIахьош.
ДIаяьхначу цIенош чохь Iийначу бахархошна керла гIишлош ю еш Гермчигара схьавогIучу некъаца а, ЭгIашта боьдучу некъаца а.
Керлачу хIусамех дерг аьлча, билгалдаккха догIу уьш, уггаре а хьалха, хаза а, дика а хилар. Церан дикалла йоьзна ю царна чохь 6-7 чоь хиларца а, 10 метр деха а, 3 метр шуьйра а долуш, уьйтIахь рагIу хиларца а, куьце ялийна уьйтIе хирг хиларца а, чуялийна газ а, ток а, хи а хиларца а.
ХIора а цIенна тIехь къахьоьгуш 8-9 стаг ву, царах дукхахберш – Хоттаничуьра бу. Цара дийцарехь, уьш реза бу шаьш бечу балхана а, шайна цунах хуьлучу пайданна а.
– Тхо дIадуьйлалучу муьрехь чIогIа хала дара. Хала дара шийла а, гоьллелц хатт а хиларна. Тахана, шуна гуш ма-хиллара, малх кхетта денош ду хатт а иштта дукха бац, ткъа уггаре а коьртаниг – тхаьш тIелаьцначу цIенна хIинцале а тхов туьллуш ду тхо. Iуьйранна схьадогIу тхо, маьркIажа ламаз а дой, дIадоьлху. ЯахIума а тхайн чоьтах еш ю. Амма, бакъду, хIара цIа, дина а девлла, оха дIаделча, кхунах тхуна хир болчу пайдано и мел дерг меттахIоттор ду. Оха болх бичахьана, оьшуш мел болу гIирс тIебохьуш бу. ТIаккха, тхан самукъа а долуш, дIабоьду хIара болх. Тхайна кхунах алапа хиларал сов, бахархошна кхунах керла цIа, керла хIусам хирг хиларо а дог-ойла айъайо тхан, – дуьйцу шен цIе йовзийта эхь хеташ а, амма чIогIа дог-цIена а, къа- мелана говза а волчу Хоттаничуьрчу гIишлошъярхочо.
Цул тIаьхьа гIишлошъяран майданна дехьа а ваьлла, бIаьрг тоха воьлча гучудолу цхьа сурт – зингаташ санна дукха гIишлошъярхой хаало маьI-маьIIерчу майданашкахь тхевнаш тохкуш, керташ юттуш, некъаш тIе асфальт йилларна баххаш кечдеш, и.дI.кх.а.
Жимма дехьо, керла дечу цIеношна гена йоццуш, йоккха школа а, берийн беш а, туька а ю гуш. Урамашкарчу бIогIамаш тIе чиркхаш туьйсуш электрикаш а бохку.
Шайна кхочур йолчу хIусамашка а, царна чохь бечу белхашка а бIаьрг тоха сих-сиха схьахIуьтту шелахой а хаало. Царна билла бехк бац – шайн дайн керташ дIатаса дезна церан. Амма уьш кхеташ бу шаьш и шайн гIалин а, шайн берийн а, вайн республикин а дуьхьа дина хиларх.
Цара гIали юккъехь «дIахецначу» майданех некъаш шордарехь пайдаэца лерина ду меттигера Iедал а, Шелахь гIишлошъяран белхаш дIабахьаран штабан куьйгалхо – Нохчийн Республикин Счетни палатин председатель Тумхаджиев Iийса а.
Шелахь бечу белхех дукхах берш бекарг (март) баттахь дIаберзо дагахь бу гIишлошъярхой, аьлча а, Iалашо иштта ю.
И.ИСЛАМОВ
№9, шинара, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де, 2018 шо