ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигана хьалхарчу майданахь, дуккха а эзарнаш наха дакъа а лоцуш, дIаяьхьира «Росси сан даг чохь ю» цIе йолу митинг-концерт. Иза вовшахтоьхнарг яра Россин Федерацин Юкъараллин палата.

«Росси сан даг чохь ю» патриотийн митинг иштта дIаяьхьира Россин Федерацин ерриге а регионашкахь. Нохчийн Республикехь оцу акцехь дакъалоцуш вара 170 эзар сов стаг.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Израйилов IабдулкъахIир, Нохчийн Республикин Правительствон вице-премьер – Нохчийн Республикин промышленностан а, энергетикин а министр Байтазиев Муслим, Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель Ахмадов ШахIид, Нохчийн Республикин къоман политикин арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председатель Денильханов ИсмаьIал, Россин Юкъараллин палатин декъашхо Солтаев Мансур, Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент Гапуров ШахIруди, кхиберш.
Шен къамелехь Даудов Мохьмада билгалдаьккхира Россин дуккха а гIаланашкахь дIахьош йолчу «Росси сан даг чохь ю» патриотийн акцех Нохчийн Республика а дIакхетта хилар, оцо Россин халкъийн барт а, цхьаалла а гойтуш хилар.
– Даймахке болу безам, шен берриге а ницкъаш, хаарш шайн пачхьалкх йозуш йоцуш а, маьрша а хилийтарна а, иза кхиорна а дIадала кийча хилар – Россин халкъан цхьаалла даима ларйина а, ларйийр йолу а мехаллаш ю уьш. Историн йохаллехь халкъо иза иштта хилар гайтина шен турпалаллица, къонахаллица, майраллица, тайп-тайпанчу дакъошкахь кхиамаш бахарца. Сталинградан тIамехь толам баьккхина 75 шо кхачар даздаран деношкахь дIахьош ю хIара Ерригроссин акци. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баккхаран а, вайн пачхьалкх а, Европа а, дерриге дуьне а фашизмах кIелхьарадаккхаран а юьхь йолийра дуьненан исторехь а сийлахь-доккхачу оцу латаро, – элира М.Даудовс.
Цо, иштта, билгалдаьккхира вайн дайша а, дедайша а даьккхина долу тIемалойн сий кхузаманан Россехь а вайн керлачу турпалхоша, Даймохк ларбархоша а лардина хилар. Царна юкъахь ву гIараваьлла волу Россин пачхьалкхан гIуллакххо, Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.
– Вайн пачхьалкхан цхьааллина кхераме йолчу дуьненаюкъарчу терроризмаца къийсам дIаболийра Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Цо дIаболийна некъ кхидIа дIабаьхьира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Тешамечу накъостийн тобанца цхьаьна терроризмана тIехь хадам боллуш толам баккха а, Нохчийчоь Россин Федерацин уггаре кхерамаза а, кхуьуш а йолу регион хилла дIахIоттийта а ницкъ кхечира цуьнан, – элира М.Даудовс.

Умаров Джамбулата билгалдаьккхира социалан сеташкахь а, бохкабеллачу шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь а яздечуьнга хьаьжна доцуш, нохчийн халкъ Россин кхечу регионашкахь дезаш а, лоруш а хилар, Россин Федерацин бакъонаш ларъярна гIаролехь лаьтташ хилар.
– Тахана, вай ца дезачара, мецачу чагIалкхаша санна, вайн пачхьалкхана гуобинчу хенахь, шен бакъонаш хьовха, Россин дерриге а къаьмнийн бакъонаш ларъян гIаьттина ю Нохчийн Республика, – элира Д.Умаровс.
– Росси юьхьанца дуьйна а дукхакъаьмнийн пачхьалкх санна кхоллаелла ю. Дуккха а бIешерашкахь оцу къаьмнаша вовшашца юкъаметтигаш а лелийна. Россис цкъа а ца йина кегийчу къаьмнийн культураш кхиарна новкъарло. Кавказан тIом чекхбаларца цхьаьна Нохчийчохь схьайиллира хьалхара школаш. Оцу школашкара арабевлира нохчийн поэзин а, литературин а бухбиллархой, – дийцира Нохчийн Республикин Iилманийн академин президента Гапуров ШахIрудис.
Мероприятин официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, цигахь гулбеллачарна лерина концерт гайтира нохчийн эстрадин иллиалархоша.
Дагадоуьйту, чиллин (февраль) беттан 2-чу дийнахь Россехь билгалдаьккхира тIемалойн сийн иэсан денойх цхьаъ долу, 1943-чу шарахь Сталинградан тIамехь Советийн Эскарша фашистийн эскарш дохийна де. Сталинградехь Советийн Эскарша фашистийн эскаршна тIехь толам баккхар, иза Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман историн уггаре а сийлахьчех цхьа агIо ю.
200 дийнахь-буса, 1942-чу шеран мангалан (июль) беттан 17-чу дийнера 1943-чу шеран чиллин (февраль) беттан 2-чу дийне кхаччалц бахбелира Сталинградан тIом. Билгалдаккха деза Сталинградан тIамехь Нохч-ГIалгIайчуьрчу дуккха а тIемалоша дакъалаьцна хилар. Тайп-тайпанчу дакъошкахь кхузахь леташ хилла майра тIемалой – танкист Мазаев Маташ а, сапер Езиев Якъуб а, 920 фашист хIаллаквина а, 12 фашист йийсар вина а волу пулеметчик Нурадилов Ханпаша а.
Дуккха а салташа а, эпсарша а турпалалла а гойтуш, шайн дахарш дIаделира Сталинградан тIамехь. Иштта, кхузахь кхелхира Соьлжа-ГIалахь вовшахтоьхначу 255-чу Нохч-ГIалгIайн дошлойн полкан дукхах болу бIаьхой.
I.МУРТАЗОВ
№9, шинара, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де, 2018 шо