Цхьаболу дай-наной шайн бер (йоI-м мухале а) эшаршлакхархо я хелхарча хилийта лууш ца хуьлу.
Ишттачарах бац Шеларчу ПираевгIеран доьзалан да Шамун а, хIусамнана Марем а. Шайн цхьаъ бен йоцу йоI Максалина (кхин виъ кIант а ву) дукха жима йолуш дуьйна самукъане бер хиларан а, гуттар а, гIарабевллачу эшаршлакхархойн эшарш лоькхуш, тидам хиллера церан. Цара иза деша дIаелира Шеларчу берийн искусствон школе (директор Гамиловская Роза Львовна) фортепьяно Iамо. Цхьа хан яьлча Розин тидам тIебоьду йоьIан аз ша-тайпа башхалла йолуш хиларна.
– Искусствон школехь Максалина доьшуш йолу цхьа шо ду, – дуьйцу цуьнан музыкин куьйгалхочо Гамиловская Розас, – хора юкъахь солистка ю иза. Кхо бутт хьалха сан тидам хилира йоьIан вокалан аз хиларна. И тайпа аз наггахь болчеран бен хуьлуш дац. Оперни аз ду цуьнан. Амма иза хила ма-деззара дIахIотто дуккха а къахьега деза.
Максалинин дегара а, ненера а бакъо а йоккхий, оцу йоIаца шеца лерринчу программица болх бан йолало Роза.
Цул тIаьхьа, ши бутт балале, 2017-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 27-чу дийнахь, Максалинас дакъалецира регионашна юкъарчу инструментальни Шахбулатов Iаднанан цIарахчу «Волшебная музыка» конкурсехь. 37 коллективана юкъахь «Гуьйре» цIе йолчу эшарца «Вокал» номинацехь 2 меттиг йоккху цо.
– Лахьанан (ноябрь) беттан 15-чу дийнахь республикин «СтелаIад» хоран искусствон фестиваль-конкурсехь Шеларчу берийн искусствон школо, юкъахь Максалина а йолуш, хьалхара меттиг йоккху, хьалхарчу тIегIанан лауреатан Диплом а доккхуш. «Хоран солист» номинацехь Максалинас ша а йоккху хьалхара меттиг а, хьалхарчу тIегIанан Диплом а. Хаза аз хиларций, эшарш доггах лакхарций билгалйолу иза. Ткъа республикин берийн хоран куьйгалхочо Сергеева Маргаритас йоIана диплом дIалуш, хаам бо Максалина Россин вовшатоьхначу (сводный) берийн хорана юкъайохуьйтур ю, олий. Вайн республикера 10 бер хир ду цу юкъахь. Ала дашна, Шеларчу берийн искусствон школин дешархойх шиъ: Арсемикова Зарета, Масаева Рабият (хIинца нохчийн музыкин колледжан дешархой) оцу хорана юкъахь Сочера Олимпиадехь а хилира.
– ГIуран декабрь беттан 25-чу дийнахь дIаяьхьначу «Со – похIма ду» («Я – Талант») цIе йолчу, Магомаевн цIарахчу «Къоман музыкальни школо» вовшахтоьхначу региональни конкурсехь, «Вокалан кхолларалла» (сольни лакхар) номинацехь 3-гIа меттиг яьккхира йоIа.
– Максалина, бакъдолуш, похIма долуш бер ду, – кхидIа дуьйцу Розас, – амма цуьнан дуккха а къахьега деза корматалла караерзош. Со тешна ю Максалинас къахьоьгург хиларх а, цуьнан кхоллараллин кхиам хирг хиларх а, хIунда аьлча, цунна гIодеш цуьнан дай, наний ду.
Пираева Максалина Шеларчу №1 йолчу юккъерачу школехь 4-чу классехь доьшуш ю. Цуьнан классан куьйгалхочо Исханова Хедас дийцарехь, Максалина дика доьшуш ю.
– Музыкин школе деша яхчахьана йоI дикачу агIор хийцаелла, – дуьйцу хьехархочо, – сцени тIехь лела а, накъосташца юкъаметтиг лелон а Iемина. Тхан школехь Максалинах дозалла до. Тхо тешна ду цунах йоккха артистка хирг хиларх. Тхан дений, нанний чIогIа хазахета ас толам баьккхича, – дуьйцу
Максалинас, бакъду, сан, цкъачунна, уьш кIезиг бу.
Делахь а, цара а, сайн хьомечу хьехархочо Роза Львовнас а, со бахьанехь хьоьгуш долу къа эрна ца хилийта хьожур ю со. Со кхиам баьккхина цIаеача, соьга хьоьжуш Iаш сан дай-наний, вежарий хуьлу, йоккха торт тIехь йолуш стол а кечйой.
А.Сулейманов
Саламов Iелин суьрта тIехь: къона эшарлакхархо Пираева Максалина
№9, шинара, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де, 2018 шо