Нохчийн меттан тоьлла кабинет

Вайн республикехь дуккха а ю дика а, хаза а школаш а, гимназеш а, лицейш а. Шен кхиамашца царна юкъахь билгалъяьлла ю Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах №1 йолу гимнази.

Цигахь болх беш ву нохчийн меттан а, литературин 9 хьехархо. Царна юкъахь ю Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо Гелагаева Асет а, Россин Федерацин юкъарчу дешаран сийлахь белхахо Эльмуратова Зульпия а. Эльмуратова Зульпия хьехархочун болх беш йолу 50 шо ду, хIокху гимназехь 1997-чу шарахь дуьйна хьоьхуш ю иза.

Нохчийн меттан 3 кабинет а ю кхузахь. Царах цхьаъ 2016-чу шарахь «Нохчийн меттан а, литературин а уггаре тоьлла кабинет» номинацехь республикин конкурсехь хьалхара меттиг яьккхина ю.

Кабинета чохь дешархоша пайдаоьцур болуш а, хьехархошна урокаш дIаяхьа гIо хир долуш а, берийн самукъадолуш деша дог догIур долуш а дуккха а гIирсаш бара: компьютер, интерактиван у, берийн исбаьхьаллин литература, журналаш, хьехархошна лерина методикин пособеш.

Шкафаш йолу агIо, бIаьрг тIехIуттуш, серлаяьккхинера бес-бесарчу зезагаша а, бераша шайн куьйгашца бинчу белхаша а, «Ламанан юрт» аьлла, бIаьвнийн куьцехь йиначу хIуманаша а. Кабинетан цхьана сонехь музей яра, къоман экспонаташ йолуш: истанг а, кIудал а, зудберийн мехала хIуманаш чуйохку гIутакх а, иштта кхин йолу хIуманаш а йолуш. Нохчийн халкъан яздархойн суьрташ а, церан байташ а йолуш, кечбина бара пен. Иштта, нохчийн меттан йозанан бакъенаш тIехь йолуш банер яра.

Конкурсана кабинет кечъеш а, шаьш бинчу балхах лаьцна дийцира нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Юсупова Ларисас: – Кабинетана оьшуш болу гIирсаш вовшахтухуш доккха гIо-накъосталла дира тхан директора Бараева Елизаветас а, дешархойн дай-наноша а.

Нохчийн меттан урокашкахь оха боккха пайдаоьцу методикин литературех. Керла технологеш юкъа а ялош дIахьо урокаш.

ТIаьхьарчу хенахь яздархошца цхьаьнакхетарш дIадахьар наггахь бен ца нисделла тхан, гимназехь хьошалгIахь хуьлу Мамакаев Эдуард а, Ахмадов Муса а. ХIокху шарахь а, яздархой кхойкхуш, кхоллараллин суьйренаш а, семинараш а дIаяхьа дагахь ду тхо.

Гимназехь тайп-тайпана семинараш а, конкурсаш а хуьлу. Цигахь дакъалоцу дешаран а, Iилманан министерствон а, Соьлжа-ГIалин Дешаран департаментан а векалша.

АСЛАХАНОВА Хеда

Авторан суьрта тIехь: Соьлжа-ГIалин №1 йолчу гимназин нохчийн меттан а, литературин а кабинет

№9, шинара, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: