Нохчийн маттана лерина апрель баттахь дIадаьхьначу бIаьрлачу гIуллакхех дара Дешаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран Нохчийн институто дIаяьхьна «Нохчийн меттан тоьлла хьехархо – 2013» цIе йолу конкурс.
Ламасте йирзинчу оцу конкурсехь дакъалецира республикин школашкарчу нохчийн меттан хьехархоша.
Цара гайтира ненан мотт берашна Iаморехь керлачу стандартийн хаамийн-технологех пайдаэцаран некъаш а, довзийтира мотт кхиорна тIехь шайна зеделларг а. Конкурсехь дIакхайкхийна яра масех номинаци. «Корматаллина тешаме хиларна» номинацехь тоьллачарех яра Соьлжа-ГIалин №42 йолчу юккъерчу школан хьехархо Мусхаджиева Зарема. «Дешарехь тоьлла ламасташ» номинацехь толамбаьккхира Соьлжа-ГIалин №1 йолчу гимназин хьехархочо Гелагаева Асета. «Къона хьехархо» номинацехь туьйлира Шелан районерчу БелгIатой-Эвларчу школера хьехархо Исраилова Луиза.
«Дог берашна дIало» номинацин толамхо яра Нажи-Юьртан районерчу Беной-Веданара хьехархо Рашидова Хьава. Конкурсан лауреаташ а билгалбевлира. Уьш бара: Усманова Зарема, Даудова Бирлант, Баширова Зураъ, Исраилова Луиза. Конкурсехь 1-ра меттиг магийра ТIехьа-Мартан №9 йолчу школан нохчийн меттан хьехархочунна Осмаева Хадижатна, 2-гIа яра Невран районера Фрунзенски школера Дашаева Шовда, 3-гIа меттиг яьккхира Хьалха-Мартан №5 йолчу гимназин хьехархочо Эльбиева Луизас. Хьехархой декъал а беш, царна совгIаташ а, дипломаш а делира. «Конкурсехь дакъалаьцна хьехархой баккъал а толамхой лара мегар ду, – элира жюрин декъашхочо Дашаева Лайлаа, – конкурсан тIедахкарш кхочушдина а ца Iийра хьехархой, цара йиллина урокаш елира хьехархойн институтан студенташна, йовзийтира ненан мотт хьехаран керла кепаш».
Т. Махмудова