Миччахь а, хьаьнцца а лелийча а хаза ду-кх гIиллакх. Цуьнан хазалла оза терза а дац, цуьнан мах хадийна, иза эца юкъадаьккхина ахча а дац. Адамехь делахь, иза хила дезаш санна а хеташ, долчуьнгара даккха а лур доцуш, доцчунна дала а лур доцуш, тамашийна къайленаш йолуш хIума ду гIиллакх. ГIиллакхо, догцIеналло, собаро гойту адамийн синан бахам, дикалла.
Тахана лулахь тешаме, гIиллакхе, хьанала рицкъ доккхуш стаг нисвалар доккха совгIат ду. Нохчийн кица ду-кх: «Генахь Iачу вешел а, йисттера лулахо гIолехь ву», олуш. Иза ишта дан а ду.
Грозненски районан Чурт-ТогIи юьртара яхархо Абдурзакова Падам йина 1956-чу шеран 5-чу июнехь Ташкентехь. Доьзалехь цхьаъ бен ца хилла иза. 1971-чу шарахь школа чекхъяьккхина цо, цул тIаьхьа 1972-чу шарахь АбдурзаковгIеран цIен тIе еана, цхьана нехан нус, доьзалан нана а хилла. Жимчохь дуьйна хьанал къахьоьгуш схьайогIуш ю Падам. Юьртарчу пекарнехь а, Соьлжа-ГIалахь хиллачу ПМК-10 а, Чурт-ТогIехь хиллачу Ленинан цIарахчу колхозехь а 1986–1997-чуй шерашкахь белхаш бина цо. Даима а кертахь даьхни, котам а, йоккха яцахь беш а лелийна. «Алапа доккха ца хиллехь а, лелийначух ийман-беркат хуьлура, бохуш дуьйцу Падама. Юучунна, молучунна, тIеюхучунна тоьара, дикане вуоне а доьлхура, мелла а дуьллий а, кхуьуш болчу доьзалшна олий, ахча банке охьа а дуьллура». Бераш, ков-керт, даьхни, болх дерриге а цхьаьна лелон – хала дара, делахь а, иштта хила дезаш санна, массо а хIуманца ларавора, ца лаьий, ларор вац олий юьстаха а ца тоьттура», – боху цо. КIентий школе баха хан кхаьчча, цаьргара а гIо хуьлуш хилла, ша балха дIаяхале хIоранна а цхьацца гIуллакх тIе а дуьллий, дIайоьдуш хилла Падам. Лаьий, ца лаьий ца бохуш, хIораммо а шайна тIедехкина декхарш кхочушдой карадойтуш хилла сарахь.
Кхаа кIентан нана ю иза, церан а бу шайн доьзалш. Кертахь жимахчу кIентан нус Зульфия а ю. Церан хIусам даима а ю хьаша-да тIелаца кийча. Цундела массо а хенахь адам лаьтта церан кертахь, дуккха а гергарлонаш ду. Юьртара хIора а аьлча санна, шайн гергара стаг волчу воьдуш санна, кхеран хIусаме вогIу. Цундела наха дика цIе йоккху, лелочух беркат хуьлу.
Доьзалехь коьрта боьрша стаг велахь а, вогIурчуьнга, воьдурчуьнга хьожуш, кхерчахь йовха латтош ерг хIусамнана ю. Иза ишта хир дацара, Падам цIена нохчийн амал йолуш, нохчийн зуда ца хиллехь. ГIиллакх-оьздангалла, ларам, къинхетам адамехь хилар мехала хIума ду. «Бай болийла хьан керта вогIучу новкъах» олуш, къа доьхуш хилла бохур хьалха. КIорггера маьIна ду цуьнан. ХIусаме хьаша вогIуш ца хилчий бен, керта бог1учу некъа т1е бай бер бац. Дала лардойла вай иштта хIусам хиларх. Ма дукха хIума ца оьшу шех дика дош алийта. «Ва, марша вогIийла хьо, ма дика ду хьо веана» – аьлча кхаьрга-м хьалххе ван везаш ма хилла, олий дагадогIу. Иштта адамаш вайн хIора а юьртахь хир ду.
САГАЕВА Залина
Авторан сурт