80 шо сов хан йолуш йоккха стаг ю сан денана Алиева Хьава. Иза йина 1937-чу шарахь Соьлжан кIоштан Эха-Борзе юьртахь. Цуьнан дас а, нанас а дуккха а белхаш бина колхозехь. Сан денана йоцург кхин а 5 доьзалхо хилла церан. Денанна тIехь, иза доьзалехь уггаре а йоккханиг хиларе терра, доккха дукъ хилла – шен йижарий, вежарий ларбеш, цаьрга хьажар, нанна накъосталла дар.

Сан дедас шен куьйгашца дина долчу цIенош чохь баьхна уьш. ХIусам жима хиллехь а, чIогIа мерза а, самукъане а яхна олу цара шайн хан. Денана чIогIа лерина хьожура соьга, жима волуш дуьйна хьалакхиъалц цо лелийна ву со.
Даима а тайп-тайпана дийцарш хуьлура цуьнан соьга дийца, мацца а со тIевахча а соьга ладогIа хан а хуьлура. Суна дагадогIу со школехь доьшуш волчу хенахь, со цIа вогIу хан ларйой иза сайна дуьхьал юьйлуш, школехь ас хIун лелийра, маса пхиъ даьккхира, де муха чекхделира бохуш, цо хаттарш деш. Воккха мел хуьлу дененаца хьалха санна дукха хан яккхар ца нисло. Амма иза хIинца а хуьлу, тоххара санна, ас мел деха къамел дарх, соьга ладогIа лууш.
Цуьнга хIуъа дийца а ло соьга – хилларг, лелларг, цатемаш, кхидерг. Нохчийн халкъо тIемашкахь а, махках даьккхинчохь а лайначу халонех лаьцна дуьйцу цо соьга. Иштта, тIаьххьара со ваханчу хенахь а, вайнах махкахбахар хьахделча, дерриге а карладаьлла, дийца йолаелира денана: «Иза чIогIа хала хан яра… 1944-чу шарахь нохчий цIера бохучу хенахь Эха-Борзехь дехаш дара тхо. Цхьана дийнахь яккхийчу машенаш тIе а боьттина, дорцах дIабигира вайн нах хийрачу махка. Кхелхинарг, каш даккхар доцуш, ло юкъа дIахьулвой вуьтура. ГIора дайна, могашалла эшна турпала догIмаш оьгура. ХIунда доху тхо махках, хIун даьлла тхоьгара хаттарх жоп луш стаг вацара, и некъ 13 шаре бахбелира. Оцу шерашкахь эзарнаш нохчий казахийн лаьттах бахара. Кхелхира оьздангаллах дуьззина дегнаш долу божарий, зударий. Мацалла а, гатто а, шело а, къизалла а лайра наха. Амма, Далла тIе болх биллина, Цо диначунна реза болу нохчий ийманах а, доьналлах а ца буьйхира, халонашна къар ца белира.
13 шо даккха дийзира дай баьхначу лаьттах хаьдда. Кеста цIадоьрзург хиларх дагчохь шеко а ца кхобура. Харцо даима ца лаьтта, Везачу Дала иблисна а ца елла шена ма-хетта маршо. Делан къинхетамца, нохчий Даймахка цIабирзира, амма хIусамаш яьсса яцара. Шайн цIахь санна цигахь Iаш кхечу къомах нах бара. Мах луш дайн бахам юха схьаэца дийзира. Делахь а, иза доккха хIума ца хетара, хIунда аьлча, коьртаниг дайн лаьтта тIехь хилар дара. Ткъа дуьненан даьхний цу хенахь дош хеташ бацара нохчий…».
Иштта, вайн халкъо лайна баланаш бовзуьйтуш, дийцарш дуьйцу суна денанас. Вайн къоман истори йиц ца йойту цо соьга. Хьалха заманахь хилларш дийцар а ду баккхийчу нахех вайна долучу беркатех цхьа беркат.
АЛИЕВ ИбрахIим
Интернет чуьра сурт
№9, шинара, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де, 2018 шо