ХIокху деношкахь Радион цIийнан актови залехь дIаяьхьира «Юьртан кегийрхой – Россин хиндерг» форум. Иза вовшахтоьхнера Ерригроссин кегийрхойн юкъараллин «Юьртан кегийрхойн Россин союзан» региональни отделенис Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон гIоьнца.
Форумехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча, республикин Куьйгалхо волчохь йолчу граждански юкъаралла кхиарехула а, бакъонаш ларъярехула а йолчу Советан председатель Т.Алиев, Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель I.Элембаев, Ерригроссин кегийрхойн юкъараллин «Юьртан кегийрхойн Россин союзан» Нохчийн региональни отделенин председатель Б.Асхабов, цуьнан заместитель М.Батукаев, Ерригроссин кегийрхойн юкъараллин «Юьртан кегийрхойн Россин союз»-ан Дагестанан отделенин председателан заместитель Р.Абдулаев, вайн республикин Юьртан бахаман министерствон юьртан бахам кхиорехула йолчу социальни политикин отделан говзанча А.Рашидов, Ерригроссин халкъан фронтан регионан штабан куьйгалхо Т.Мусаев, «Къилбаседа Кавказан федеральни округан кхиаме адамаш» премин-проектан куьйгалхо Т.Пшеничная, Москварчу финансийн-экономикин «Синергия» университетан СКФО-хь йолчу векалаллин проректор, Инновацийн а, старпатийн а департаментан директор Б.Гедмишхова, автономни «Зеленое золото» коммерчески йоцчу организацин директор, «Аксилайк» ООО-н генеральни директор М.Мацаева, шуьйрачу хаамийн векалш, студенташ.
«Юьртан кегийрхойн Россин союзан» коьрта Iалашо ю ярташкахь бехачу кегийрхойн социальни, кхоллараллин, дешаран, и.дI.кх. а проектийн гIолацар.
Маршаллин хьалхара дош олуш вистхилира I.Элембаев. Цо элира: Тхуна хазахета хIокху технологийн заманахь вайн кегийрхой юьртан бахамца шайн дахар доза лууш хилар. Къинхьегамца бен кхуьуш вац юкъараллина пайдехь стаг. Цундела вайн республикин ерриге а ярташкахь оха беш болчу белхашна юкъахь ду, юьртан бахам кхиоран Iалашонца, цигахь Iаш болу кегийрхой къинхьегамна марзбар.
Иштта, тхан министран Д.Умаровн цIарах суна баркалла ала лаьа Ерригрос- син кегийрхойн юкъараллин «Юьртан кегийрхойн Россин союзан» региональни отделенина. Хаийта лаьа шуна оьшучунна тIехь тхо даима а накъостий хилар».
Цул тIаьхьа къамел динчу Т.Алиевс элира: «Вайн республикин Куьйгалхочун а, сайн а цIарах балха тIехь шун массеран а аьтто хуьлийла ала лаьа суна. Кегийрхойн политика шен тидамехь латтош ю регионан Куьйгалхочо. Цо шен къинхьегаман некъ дIаболийна оцу декъехь. Республикехь кегийрхойн политика дIахьочу хенахь гIаланашкахь бехаш болу кегийрхой юкъаозийна ца Iаш, ярташкахь бехаш берш а юкъаозо беза вай. Иштта кхуьур ю граждански юкъаралла. Суна хетарехь, регионан а, пачхьалкхан а экономика кхиоран дика жамI хила а дезаш ду иза. Оцу декъехь аш бийриг оьшуш а, мехала а болх бу. «Юьртан кегийрхойн Россин союзан» регионан отделени хилар доккха хIума ду».
Зала чохь гулбелла хиллачу кегийрхошца цул тIаьхьа Мацаева Маринас «Основы бизнес-планирования» тренинг дIаяьхьира. Шена зеделлачунна тIехь цо дийцира дIаволалуш волчу бизнесмена дан дезачух лаьцна.
«Кханалера де кхин а дика хила а, вайн социальни хьелаш гIолехь хилийтаран а лаам хиллачул тIаьхьа кхоллалуш ю бизнесмен хила ойла. Ишттачара уггаре а хьалха говза а, леррина а бизнес-план хIотто еза. Цуьнан анатаци хила еза. ХIун дан ойла ю? Муьлха говзанчаш юкъаозор бу? ХIун жамI хир ду? Цул тIаьхьа цуьнан презентаци ян еза (инвесторшна а, шайн бизнесехь къахьоьгур болчу нахана а гайтар).
Нагахь санна уьш шуна гIодан реза хиллехь, шун а хила деза цу юкъадиллина цхьа дакъа (масала, я гIишло, я гIирсаш, я ахча, я говзанчаш). Сайн накъосташца цхьаьна тхайн проекташ йовзуьйтуш тайп-тайпанчу фондашца цхьаьнакхетарш дечу хенахь соьца хиллачу цхьаболчеран кхачамбацарш хьахор ду ас. Цхьана-шина дийнахь хIоттийна а йоцуш, дукха къахьегна, тхайга дан тарлучу дерриге а хаттаршна дукха лерина кечам бинера оха.
ХIетте а цхьадерш дисина хиллера. Масала, «Шун фирмехь маса стаг хир ву болх беш? Церан алапа мел хир ду?», и.дI. кх. Нагахь санна инвесторан «Сан ахча юха ца дерза тарло суна» аьлла шеконаш кхоллаелча, цо дуьхьало йо. Иза шуна гIо дан реза цахилар ду иза.
ДIаволалучу бизнесменна гIолехь дерг ИП йиллар ду. Кхачам боллуш дика бизнес-план хIоттийна хиларо шайн Iалашоне кхачор ду шу. Шайн «некъа тIехь» цхьацца дуьхьалонаш хир ю шуна. Цхьа Iалашо юьхьарлаьцна, шаьш хIоттийначу бизнес-планаца дIадаха хьовса деза. ТIаккха бен шун гIуллакх дIагIур дац. Шун бизнес кхиарна аьтто бийр бу кхечу бизнесменашца зIенаш тийсаро», – элира М.Мацаевас.
Бизнес-проектаца доьзна долчу кегийрхоша сагатдечу хаттаршна кхачам боллуш жоьпаш делира М.Мацаевас.
Л.ДАУТОВА
№9, шинара, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де, 2018 шо