(Кусаев Iадиз вина 80 шо кхачарна леринчу суьйренера)
Билггал хила а хилла поэтан, журналистан, гочдархочун, историкан-мохкталлархочун Кусаев Iадизан кхоллараллин некъ беркате – 25 сов книга арахецна цо («Амал» – 1968, «Некъаш» – 1972, «Ламанан леча» – 1978, «БIаьстенан мохк» – 1987, «Нохчийчоьнан яздархой» (кхо книга) – 2005, «Нохчийчоь: шераш а, адамаш а» – 2007, «Къамел до Соьлжа-ГIалара» – 2008, «Кхоллам» – 2011, «Къинхетам» – 2012, «Соьлжа-ГIала: историн агIонаш» – 2012, «Сан некъ» – 2015, «Хаьржинарш» – 2017, иштта кхин а).
Йозанца гIуллакх деанчунна хуур ду – боккха болх бу иза. Цул сов, цхьана денна а юкъах ца буьтуш, журналистан болх беш а ву. Iадизан болх беркате а, халкъана оьшуш а хиларан бIаьрла тоьшалла дара А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь цуьнан 80 шо кхачарна лерина дIаяьхьначу суьйрене гулделла адам.
Ма-дарра аьлча, охьахаа меттиг йоцуш, тIанкъ-аьлла юьзна яра библиотекин йоккха зал. Юбилейца доьзна, иза декъалван баьхкинчарна юкъахь бара гоьбевлла бевзаш болу Iилманчаш, яздархой, журналисташ, дешаран а, культурин а белхахой.
Юбиляран дахаран а, кхоллараллин а некъах дош олуш, вистхилира литературовед, филологин Iилманийн кандидат Индербиев Гилани.
«Ешархоша а, литературин критико а дика тIеэцна I.Кусаевн кхолларалла. Шен стихашца, сонеташца, дийцаршца, повесташца, яздархошна а, Нохчийчоьнан гоьбевллачу нахана а леринчу очеркашца, историн хиламех дуьйцучу чулацамечу статьяшца цо йоккха хазна йиллина вайн заманан нохчийн литератури юкъа. Къаьсттина а мехала ю цо нохчийн яздархойх лаьцна язйина очеркаш, цара доккха маьIна леладо вайн литература йовзийтарехь а, яржорехь а», – билгалдаьккхира Г.Индербиевс.
Цо дийцинарг тIедузуш, Iадизан дахаран а, кхоллараллин а тайп-тайпана агIонаш билгалйохуш дара Мамакаев Эдуарда (суьйре дIахьошверг а вара иза), Киндаров Iабдуллас, Гадаев Вахас, Дадашев Райкома, Бугаев Iабдуллас, Кагерманов Доккас, Ельсаев Iаламахьада, Ахмадов Мусас, Исмаилов Абус, Яричев Iумара, Бачаев Мусас, Барзанукаева Айзас, Яндарбиев Хьамзата, Заурбеков Масхьуда, Яндиева Хадижас, Закриев Iийсас, Цуруев Шарипа, иштта кхечара а дина къамелаш. Цара массара а дукха лакхара мах хадийра I.Кусаевн кхоллараллин.
Суьйренехь хила лууш, амма цIахь цахиларна цига кхачаза висинчу Бексултанов Мусан къамел (электронни почтехула тхайга схьадаийтина) дуьззина даладо оха (кхечеранаш нахана хезна хиларна). Мусас яздо: – Тхо хIетахь – дезткъалгIачу шерашкахь – яздархой а дацара, хIинц-хIинца оцу хIуманна самадевлла кегий нах дара, масех стих я цхьацца дийцар зорбане далар бен, кхин бIаьрла дина хIума а доцуш. Цу хенахь телевидени кхайкхар жимачу стагана Iаламат доккха совгIат а дара, ша воцург ву а моьттуьйтуш. Iадиза – лакхара охьа аьлла хIума а доццушехь – шен лаамца, шеггара дIа а кхойкхий, телевидени дуьгура тхо, дуккха а кхиамаш болчу яздархошка санна, хаттарш а луш, тхан боцу кхиамаш базбой буьйцуш, тхан цIерш йохуш, тхоьга тхайн произведенеш а юьйцуьйтуш. Передачера арадевлча, тхуна тхаьш дуьненна девзаш санна хетара, массо а стаг тхайга хьоьжуш волуш санна. Хьуо вацахь а, яздархо хила лаьара тIаккха, гоьбевллачу яздархошца къовсадала, яхь сама а йолий.
Тахана, со кхузткъара а ваьлла, къаналле таьIча, хIетахь санна, иштта догцIена, велавелла, массарах а дийца гIерташ, яздан лууш, цкъа а, цхьаьнцца а хьагI-мекха йоцуш караво суна Iадиз.
Цуьнан дезткъа шо ду аьлла а ца хета хьуна, хьайл жима хета, хьанчул дахарх са а къералуш, дуьненах воккхавеш, кхин а дезткъа а, бIе а шарна язъян лерина дуккха а хIуманаш а йолуш тIаьхьа.
Iадиза кху гIалин хьалха хилла долу паспорт юхаметтахIоттийна-кх, ша цхьамма ара а ваьлла: проспекташ, гIишлош, урамаш шаьш ма-хиллара дIа а яздеш вайн тIаьхьарчу тIаьхьенна. Иштта, телевидених а, радиох а язйина Iадиза. Ткъе иттех гергга книгин автор ву иза.
Iадиза прозехь а, поэзехь а, публицистикехь а язйина. Яздархойх дуьххьара – массарех а – очеркаш язйинарг а Iадиз ву. Суна чIогIа товш а, дика хеташ а стаг ву-кх иза, цхьаьнцца а дов-тIом а боцуш, шега далучуьнца вайн махкана хьанал вецаш.
Сайл ялхитта-вуьрхIитта шо воккха волу Iадиз моссаза го, цуьнан цхьа синкъераме, велавелла хиларо ваха дог доуьйту-кх сан а, кхечеран а, Iадизан шерех эхь а хетий, тхайн даг тIера дохк-марха эккхош.
Дала хьайна кху лаьттахь яккха елла хан, хIинца санна, могаш а, маьрша а волуш йоккхийла-кх ахь, Iадиз! Дала диканиг дойла хьуна а, хьан доьзална а, вайн махкана а!
Оцу ойланехь, иштта даггара дара суьйренехь тхуна хезна къамелаш а. Iадизана а, цуьнан хьешашна а шайн иллешца совгIат дира Нохчийн Республикин халкъан артисташа Абдулкеримов Илеса, Ясаев Мохьмада, Дудаев Зелимхас, Эбиев Илеса, ткъа суьйре ерзийра филармонин артисташа дукха говза аьллачу «Сан гIала» иллица.
Хь.АБАЕВ
№9, шинара, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де, 2018 шо