США-н финансийн министерствос зорбатоьхна «Кремлевски доклад». Иштта цIе ю Госдепан Россина дуьхьал йинчу санкцийн. Оцу санкцешна юкъавахийтина вайн махкара 210 стаг а, мехкадаьттан а, газахгIуллакхдаран а яккхий компанеш, промышленностан тоьлла предприятеш.
США-н безам боцчу нехан а, предприятийн а списки юккъе яхана Россин оборонно-промышленни комплексан 33 предприяти. Кхул хьалха хилла список керлачу цIерашца тIеюьзна.
«Царна юкъахь ву Медведев Дмитрий Анатольевич, Лавров Сергей Викторович, Песков Дмитрий Сергеевич. Госдепан кхул хьалха хиллачу документехь (Магнитскийн список, кхиерш) ца хилла декхарш ду кхуьнан. «Кремлевски докладан» дIахьедаран амал ю. Списки юккъе баханчарна дуьхьал, «США-н демократин мостагIашна» дуьхьал санна, санкцеш ян тарло», – билгалдаьккхира М.Даудовс.
Нохчийчоьнан Парламентан спикера дагадахкийтира оцу санкцешца доьзна Россин Президента Путин Владимира а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а аьлла дешнаш. Госдепан керлачу дIадолорна Россин къоман баьччас, Президента, иштта аьлла: «ЖIаьла лета, къепал дIайоьду». Ткъа сан хьомсарчу вашас, Нохчийчоьнан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана Госдепо диначун мах хадош, тахана элира: «Со цхьана а минотана шеко йолуш вац Вашингтон, даррехь, Россин чоьхьарчу политикина юкъагIерта йолаелла хиларан. Хинболчу Президентан харжамашна юкъагIертаран шеко яц бохург ду сан иза. Эхь дацаран цхьа а доза ма дац. Спискана юкъадахийтина мехкан дерриге а куьйгалла».
Даудов Мохьмада хоьтту: «Цу тайпанчу гIуллакхашца шаьш Путин Владимир Владимировичан электорат дIайоккхур ю аьлла хеташ бу-те Iамаркахой? Нагахь санна уьш и аьлла хеташ белахь, уьш бу аьлла хетачул а кхетам боцуш бу».
Цо дIахьедина, бIаьрла ду кхин цхьаъ а: «США, цхьацца гIулч йоккхуш, Росси гIелъян ойла йолуш ю. ДоьалгIа шо ду экономикин гуо лаьцна, амма цо луш а, я делла а цхьа а жамI дац. Мелхо а, вайн пачхьалкхо шен чоьхьара таронаш, ницкъаш вовшахтоьхна. Юьртан бахам, промышленность, банкийн система кхиамца ларош ю импортан метта шайн сурсаташ арахецарца.
2017-гIа шо цунна бIаьрла тоьшалла а ду. Оцу шеран жамIаша гайтина Россин экономика кхуьуш хилар. Ткъа Iамаркахойн гIолоцуш болчарна, санкцешна тIе а тайна, баккхий иэшамаш хилла. Малхбузе Европин мехкаш, шайн лаам эшийна, Госдепан зурманца хелхабуьйлуш бу. Цунна тоьшалла ду фермерша массанхьа а дIахьош йолу забастовкаш, Европерчу бизнес-элитийн векалшка шайн правительствошка беш болу кхайкхамаш. Суна ша къаьстина дош ала лаьа вайн махкахь, бийшина а Iохкуш, Росси гIелъяларе хьоьжуш, Iаш болчу «махкахошка». Шуна моьттург хир дац! Россис дерриге а дуьненна а дукхазза а гайтина шен ницкъ а, цхьаалла а. Дукха баьччанаш бу кху чу а гIоьртина, шайн цергаш кегъяйтина. ХIинца а хир ду изза. Даймехкан бакъ болчу кIентийн сийлахь цIерш ган тарло «Кремлевски докладан» спискашкахь. Амма, Госдепана бохкабеллачеран а, шайн мохк бохка сатуьйсуш болчеран а цIерш кхечу спискаш тIехь хир ю: Даймехкан ямартхойн спискаш тIехь. Госдепан векалша шаьш а олу «Кремлевски докладах», цуьрриг а эхь а цахеташ, «Путинан доттагIийн список». Иза иштта делахь, цу тIехь берриге а бац. Цу тIехь вац сан хьомсара ваша, Россин Президентан тешаме бIанакъост Кадыров Рамзан.
Цу тIе Кадыровн командин берриге а декъашхошна а хазахетар ду цу тIехь шайн цIерш гича. Делахь-хIета, «господа» болх дика ца бо аш, цкъа а беш ма цахиллара. ПхьегIийн туьканахь – пийл. Iамаркан администрацина цул нийса аьлла хIума дац. ГIовгIа а, пхьегIаш йо- хор а дукха ду. Амма цунах хуьлуш пайда бан а бац. ТIаьххьар а, дерзош: хIун дер те аш нагахь санна Россис шайна дуьхьал санкцеш юкъаялахь? Аьр вай, экамечу хIокху дакъошкахь, космосе дахарна, Украинин а, Шемин а гIуллакхашкахула цхьаьна болх барна, Малхбузе Европе газ яхьийтарна. Айса жоп лур ду ас. Аш хIумма а дийр дац-кха. Россин двига- тельш, тIех нийса системаш йоцуш космосе дахалур дац. Европа гIорор ю, ткъа Герггарчу Малхбалехь а, Украинехь а шу уьшалахь дуьсур ду. ТIаккха гIолий дарий-те юкъаметтигаш тоен болу некъ лехча», – дерзадо Даудов Мохьмада.
С.ХАСАНОВ
№10, пIераска, чиллин (февраль) беттан 9-гIа де, 2018 шо