Къилбаседа Кавказан федеральни округ мехкадаьттан промышленни а, агропромышленни а дакъошахь Оманца юкъаметтигаш лелош ю.
Россин Федерацин Махлелоран-промышленностан палата йолчохь йолчу Россин-Оманан гIуллакхаллин советан векалша бечу хаамашца, нийса а догIуш, 2017-чу шарахь Россис Омано а вовшашца 88,5 миллион долларна мах бина. Иза 2016-чу шарца дуьстича, 24 процентана кIезиг ду. Цул сов, Оманера Россе чудохьуш долу сурсаташ цхьана шарахь 25 процентана лахделла ткъа Россера Омане кхоьхьуш долу промышленностан сурсаташ 80 процентана алсамдевлла.
Гуьмсерчу «Лидер-А» холдинган консервийн цехехь
Къилбаседа Кавказан федеральни округ Оманца цхьаьна коммерцин гIуллакхаш дIахьош йолу дикка хан ю. Цигахь жижигах кечдечу сурсатийн дикалла лаккхара ю. Дозанал арахьара чудохьучу юьртабахаман сурсаташа вайна беш болу Iаткъам лахбарна тIехьажийна йолу программаш ю.
Нохчийчохь кхиамца гIуллакх деш царна юкъахь ю жижигах гIуллакхдаран «Лидер-А» дийнна комплекс. Вайна, кхузахь дехачарна, дика девза цуьнан сурсаташ. Цул сов, дозанал арахьарчу махлелоран сеташка дIадохьуьйтуш ду тайп-тайпана жижигах долу сурсаташ. Иштта, «Лидер-А» юкъараллехь юьхьарлаьцна узуш долу хьелий кхиоран а, докъарийн туш кхолларан некъ а.
Оманерчу бахархоша иштта дикалла цIе йолу сурсаташ къобалдийриг хиларх тешна ву Россин Федерацин Махлелоран-промышленностан палата йолчохь йолчу Россин-Оманан гIуллакхаллин советан председатель И.Меньшиков.
Россин хаамийн «ТАСС» агентствона ша еллачу интервьюхь цо довзийтира Россина а, Оманна а юкъахь долу махлелоран-промышленностан хьал.
Агропромышленни декъехь говзанчаш кечбар
Нохчийчуьра дешаран учрежденеш а, кхийолу предприятеш а дика майданаш ю Оманан мехкадаьттан-газан индустрин декъехь говзанчаш кхиорна. Оцу декъехь болх бечу векалша шаьш билгал ма-даккхара, Оманера студенташ Нохчийчу а кхойкхуш, цаьрца цхьаьна гIуллакхаш дIадахьар мехала хир ду.
Оцу гIуллакхна леррина майда хилийтар шайна тIелаьцна Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин М.Миллионщиковн цIарахчу университето а, «Чеченнефтехимпром» предприятис а.
Бизнес кхиорехь – гIулчаш
И.Меньшиковс дийцарехь, Оманна Къилбаседа Кавказан федеральни округаца бизнес лелор санехь хир ду. Бакъду, Оманера предпринимательш, бизнесменаш хIинца а ойланашкахь бу, Кавказерчу Каспин регионца гIуллакхаш дIакхехьарна дуьхьал бацахь а. Цундела, царна кхузара хьал ма-дарра довзуьйтуш гIуллакхаш дIадахьар мехала ду.
«Къилбаседа Кавказан инвестицеш ю «Буринтех», «Борец» компанешца йина. Иштта, Къилбседа Кавказан дуккха а векалш бу мехкадаьттан сервисан компанешкахь белхаш беш. Царах уггаре а йоккха предприяти БиргIийн металлургин «Оман ойл» компани ю», – дийцира И.Меньшиковс.
Иштта, цо билгалдаьккхира Къилбаседа Кавказан регионашкара жижиган хьанал сурсаташ гIажарийн аймин пачхьалкхашка дIахьош хилар.
Хь.БАХТАЕВА
№10, пIераска, чиллин (февраль) беттан 9-гIа де, 2018 шо