Иорданерчу нохчаша шайн ницкъ кхочучу агIор даима а къахьегна нохчийн мотт, культура, гIиллакхаш лардаран, тIаьхьарчу тIаьхьенашка дIакхачоран Iалашонца.

Цигарчу баккхийчу наха дийцарехь, 120 шо гергга зама ю уьш Иорданерчу паччахьан Iедало шайна деллачу десачу латтанашна тIехь керла ярташ Сувайле, Сухне, Аз-Заркъе, Заркъе ехкина бехаш болу (царах Заркъе 1 миллион сов вахархо волу гIала хилла шоръяла кхиъна хIинцале). Iаьрбийн махка хьалха дIакхелхинчу баккхийчу нахана дика хууш хиллера адам шен къоман маттах, гIиллакхех дIахаьдча, иза шен ворхIе дас атта ца бинчу некъах хаьдда дуьсий.
Цундела, таханене схьакхачабелла цаьрга шаьш хаза буьйцу нохчийн мотт а, нохчийн кхача а. Зама а, хьелаш а хийцадаларе хьаьжжина, хьалха гуламашкахь я кхеташонашкахь дIакхайкхош а, кхочушдеш а хилла долу гIуллакхаш тахана юкъараллин организацешкахь деш ду.

Иштта, кесталгIа хаза кхаъ кхаьчна «Даймохк» газетан редакце Заркъахь йолчу «Сан сагIа сол хьалха ялсаманахь хир ду» аьллачу нохчийн юкъараллин организацин жигархошкара Марьям Хьаьж-Асхьабера Файруз Салмерзера а. Нохчийн къоман хотIехь 2018-чу шеран рузма зорбане яьккхина оцу организацин чоьтах. Цуьнан суьрташ кхаьчна редакце.
Рузманан хIора беттан цIе нохчийн, Iаьрбийн, ингалсан меттанашкахь ю, иштта оцу хIора баттана улле диллина сурт а ду вайнаха шайца дIаяьхьна хиллачу юьртабахаман, культурин, историн мехалла йолчу хIуманийн. Уьш ю нохчаша ялта кхиош лелош хилла а, тоьганна лелийна а хIуманаш.
Тидам тIебохуьйтуш ду гIуран (декабрь) батанна диллина сурт. Цу тIехь шира кор-неI ду. Шайн истори хилла цу неIарийн а. Нохчий оцу махка дакхаьчча, царна Iаьрбий четарш чохь Iаш карийна. Цара шайн даьхни а эрна арахь кхобуш хилла. Ткъа цига дIакхелхинчу нохчийн, хIора доьзалехь бохург санна, пхьераш хилла, я дечкан я аьчкан пхьола дан хууш.

Нохчаша динчу цIеношка, кор-неIаре цецбуьйлуш хьуьйсуш хилла Iаьрбий. Цхьаболчу нохчийн тахана а ду цу хенахь дина долу цIенош а, оцу суьрта тIехь долу дечигах дина кор-неI а. Тахана а дукха нохчийн бу шайн дайн хиллачу говзаллин цIарах фамилеш лелош.
Оцу суьртех, массарал а дуй техьа аьлла, дагах кхеташ ду нохчий оцу генарчу Iаьрбийн махка дIакхачийначу говран ворданийн чкъургийн сурт. Масала, кхолламан (январь) баттана диллинарг 1904–1907-чуй шерашна юккъехь нохчаша йиллинчу Сувайле юьртан шира сурт ду.
Товбецан (сентябрь) баттана диллина сурт а оццу Сувайлехь ваьхначу Шамсуддин Хьаьжа-Асхьабан керт ю. Оцу юьртахь уггаре а хьалха йиначарах ю и ков-керт.
Рузма яран Iалашо ю тахана Иорданехь баьхна ца Iаш, дуьне ма-дду дIасабаьржина бехачу нохчашна шайн орам, шайн дайша лайна бала, церан чолхе, къиза, амма оьзда хиллачу селхенах ойла йойтуш, кегийрхошка пайдаэцийтар. Рузманан тираж 500 экземпляр ю. Уьш дIайоьхкича яьлла са шайн организацин хьелаш тодайтаран гIуллакхна дIаяла дагахь бу оцу организацин жигархой.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Суьрташна тIехь: Иорданерчу Заркъахь йинчу нохчийн рузманан агIонаш
№10, пIераска, чиллин (февраль) беттан 9-гIа де, 2018 шо