Дуьненахь а, махкахь а долчу хьолах

Тайванехь стомара а, цул хьалхарчу дийнахь а мохк бегийна. Рихтеран бустамца цуьнан чIагIалла 6 баллал сов хилла. Оцу бохамехь 7 стаг кхелхина, 60 стагах хилларг цкъачунна хууш дац. Уьш лоьхуш бу дохийначу цIенойн саьлнашна бухахь, 250 сов стаг лазийна. Мохкбегоро халкъан бахамна а даккхий зенаш дина.
***
Шемара хьал карзахдохуш ерг, коьртачу декъана, террористийн «Джебхат-ан-Нусра» организаци ю. Цуьнан куьйгалхой ира-кара хIиттош а, царна герзашца кхачо еш а Iамарк ю. Иза чIагIдо оцу организацин террористашкара схьаяьхна ПЗРК-ш Iамаркехь йина хиларо. И санна йолчу ПЗРК-ца дохийна ду Россин СУ-27 тIеман кема-штурмовик.
***
Пакистанан къилбаседа-малхбузехь террористийн гIерано тIелатар дина Iедалан эскаран бIаьхойн цхьана машенна. Цу чохь хиллачу бIаьхойх шиъ вийна, веанна чевнаш йина. Зулам динарш лохуш бу лерринчу службин белхахоша. Мехкан тIеман ведомствехь хаам беш ма-хиллара, тIаьхьарчу хенахь дикка алсамдевлла террористаша деш долу къиза зуламаш.
***
Масех де хьалха Хонкаран лакхарчу суьдехь хаьттина даьлла стохка махкахь тIеман карчам бан гIортарехь дакъалоцуш хиллачу 64 стеган дов. Царна массарна а девлла дIадовллалц набахтехь яха хенаш тоьхна суьдо. Шайн кхиэл яре хьоьжуш кхин а бIеннаш «гIаттамхой» бу набахташкахь хан токхуш.
***
Германехь чIогIа дахделла керла правительство вовшахтохаран гIуллакх. Цуьнан цхьа йист а йоккхуш, коалицин правительство вовшахтохаран Iалашонца Канцлер А.Меркель коьртехь йолчу партис куьйгаш яздина (СДП) Социал-демократин партин куьйгалхошца бинчу бартана. Цуьнца нийса а догIуш, вице-канцлеран дарже хIоттор ву оцу партин векал Олаф Шольц.
***
Хууш ма-хиллара, Японехь боккха тидам тIебохуьйту дахаран-Iеран хьашташ кхочушдарехь роботех пайдаэцаран гIуллакхашна. Оцу пачхьалкхерчу Iилманчаша а, социальни хьашташ кхочушдаран куьйгалхоша а чIагIдарехь, 2020-гIа шо тIекхочуш къеначу нехан хьашт-дезарш кхочушдарехь коьрта дакъалоцушъерш роботаш хир ю. Вуьшта аьлча, роботаша 80 процент къанойн хьашташ кхочушдийр ду.
***
Россин Президента В.Путина, стомара, чиллин (февраль) беттан 7-чу дийнахь Красноярскехь леррина кхеташо дIаяьхьира. Цигахь коьртачу декъана дийцаре дира 2019-чу шарахь Красноярскехь дIахьон йолчу XXIX-чу дерриге а дуьненан универсиадина кечамбаран хьокъехь долу гIуллакхаш. Президента билгалдаьккхира спортан оцу даздаршна кечамаш бар мелла а сиха чекхдаккха дезаш хилар.
***
Вайн мехкан Правительствон Председатела Д.Медведевс Москвахь рогIера кхеташо дIаяьхьира Министрийн Кабинетан декъашхошца. Цигахь дийцаре дира агропромышленни комплекс кхидIа а кхиоран хьокъехь долу гIуллакхаш. Цо чIагIдарехь, оцу Iалашонца хIокху шарахь юьртан бахамна 30 миллиард соьме кхаччалц ахча лур ду. Цул сов, 50 миллиард сом гIоленан кредиташ а лур ду аграрешна.
***
Россин харжамийн Коьртачу комиссехь бечу хаамашца таханлерчу дийнахь (газет зорбатоха дIадохьуьйтучу дийнахь) регистраци йина мехкан Президентан дарже волчу 6 кандидатана. Регистраци яр чекхдоккхур ду чиллин (февраль) беттан 10-чу дийнахь. ХIинцале дIахьош ду харжамийн каппаш вовшахтохар. Дозанал арахьарчу 145 пачхьалкхехь 243 харжамийн куп ю вовшахтухур йолуш.
***
Дагестанан Iедалехь баккхий хийцамаш хилла тIаьхьарчу хенахь. Шен даржах вохош, лаьцна Правительствон куьйгалхо а, масех министр а. Стомара республикин Парламенто къобал а вина, Дагестанан Правительствон керла Председатель хIоттийна Здонов Артем. Кхул хьалха цо болх бина ГIезалойчоьнан экономикин министран даржехь.
***
Тахана, чиллин (февраль) беттан 9-чу дийнахь Къилба Корейн Пхенчханехь дIадуьйладелла 2018-чу шеран Iаьнан Олимпиадин ловзарш. Уьш баккъал а спортан дезденош хилла дIахIиттаре сатесна ду дуьненара бIеннаш миллионаш адамаш.

№10, пIераска, чиллин (февраль) беттан 9-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: