Пачхьалкхан юкъарчу экзаменна лерина семинар

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос дIахьош ду дешархой Пачхьалкхан юкъара экзамен дIаяларна кечбаран гIуллакхаш. Министерствон куьйгалло сих-сиха кхойкхуш кхечу регионашкара говзанчаш балабо семинараш, мастер-классаш, йиллина урокаш вовшахтоха хьехархошна а, дешархошна а гIо дан.

Соьлжа-ГIаларчу №14 йолчу гимназехь хилира историн Пачхьалкхан юкъара экзамен дIаяларна лерина семинар. ГIезалойн Республикин Казанан федеральни университетан доцента, педагогикин Iилманийн кандидата Файзулина Альбинас историн а, обществознанин а экзаменна кечамбаран семинараш дIаяьхьира.

Кхушара дешна бовлучу дешархойн жамIаш даран Пачхьалкхан аттестацина истори а, обществознани а предметаш хьаьржинчу дешархошна а, церан хьехархошна а лерина яра семинараш.

Уьш дIахьочу хенахь Казанера ялийначу говзанчас гIо дира уггаре а чолхечу хаттаршна нийса жоьпаш лахарна тIехь. Дешархошка а, церан хьехархошка а жигара болх бойтуш цхьаьний къастадора цара нийса жоп. ЕГЭ-н тIедахкаршна сихха жоьпаш карон а, экзамен дIаяларна леринчу хенах эвсара пайдаэца а Iамийра А.Файзулинас.

Иштта, историн а, обществознанин а предметашкахула ЕГЭ дIаялар толлуш йолчу комиссин шина тобанца а болх бира А.Файзулинас.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№10, пIераска, чиллин (февраль) беттан 9-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: