Георгиевскера – дикачу кхиамашца

ХIокху деношкахь Георгиевск гIалахь (Ставрополан край) дIаяьхьира кегийрхошлахь греко-римски кепара охьатохархлатарехула регионашна юкъара 13-гIа турнир. Цигахь дакъалоцуш вара СКФО-ра, ЮФО-ра 200 сов спортсмен.

Дика кхиамаш бехира цигахь вайн спортсменаша а. Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира. Хьалхара меттигаш ехира Дакаев Илеса (28 кг.) – №7 ДЮСШ, Исмаилов Ислама (32кг.) – №7 ДЮСШ, Заураев Ислама (54 кг.) – Теркан кIоштан ДЮСШ.

ШолгIа меттиг яьккхира: Исмаилов Адама(38 кг.).

КхоалгIа меттигаш ехира: Америев Илеса (28 кг.) – РДЮСШ, Газиев ИсмаьIала (38 кг.) – РСШСБ, Товсултанов Малика (46 кг.) – Теркан кIоштан ДЮСШ, Хамзатов Адама (60 кг.) – Невран кIоштан
ДЮСШ.

Вайн команда турнирана кечйира тренерша И.Исраилова, Б.Тулаевс, Б.Тарамовс.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца, ахчанан совгIаташца.

З.ШИШХАНОВА

№10, пIераска, чиллин (февраль) беттан 9-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: