Соьлжа-ГIалахь Къоман библиотекехь «Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIоттор (1953-1962)» книга йовзийтар хилира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан председатела Абдурахманов Дукхувахас, Нохчийн Республикин Iилманийн Академин президента Гапуров Шах1рудис, республикин Юкъараллин палатин председатела Батаев ГIайрсолта, Архивийн урхаллин куьйгалхочо Музаев Мохьмада, яздархойн Союзан председатела Ибрагимов Кантас, Iилманийн Академин Iилманан коьртачу белхахочо Бугаев Iабдулас, ГIалгIайн Республикерчу хьешаша, Iилманчаша, студенташа-историкаша, кхечара.
Цу тайпа мехала болх бан дагадеанарг Нохчийн Республикин Архивийн урхалла яра. Редакцин кхеташонехь вара Д.Абдурахманов (куьйгалхо), М.Музаев (куьйгалхочун заместитель), I.Бугаев, В.Шепелев, А.Осмаев, А.Хасбулатов. Книгин материалаш вовшахтоьхна Архивийн урхаллин белхахоша Л.Инуркаевас, У.Гадаевс, А.Орсахановс, М.Ченчиевас. Ала деза, карарчу хенахь арахецнарг билгалъяьккхинчу книгин хьалхара дакъа бен ца хилар а, цу тIехь гулдина 1953-1962-чуй шерашкахь яздина долу Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторца доьзна кехаташ, материалаш хилар а. ТIейогIучу хенахь арахеца дезаш кхин 4 дакъа ду цу книгин.
Абдурахманов Дукхувахас билгалдаьккхира вайнехан къоман дахаран истори йовзарехь а, цу халачу муьран хиламаш озабезамаш боцуш талларехь а «Нохч-гIалгIайн АССР меттахIоттор (1953-1962)» книго доккха маьIна лелош хилар. Иштта, цу книгин материалаш вовшахтохарехь къахьегначу Iилманчашна доккха баркалла а элира цо.
Нохчийчохь хиллачу тIеман хиламашкахь, къаьсттина 1994-чу шеран декабрь баттахь заводаш, фабрикаш, бахархойн хIусамаш йохийна ца Iаш, схьаэца хIума ца дуьсуш йохийнера культурин объекташ а. Цу юкъахь яра республикин музейш, архиваш. Нохч-ГIалгIайчоьнан пачхьалкхан а, партийн а архивашкахь шаьш санна дерш кхин доцу исторически кехаташ дуккха дара а. Вайн къоман историн халачу муьран хиламийн куьйгаяздина тоьшаллаш дара уьш. Доккхачу халахетарна, царех дукхахдерш ларйоцуш хIаллакьхилира тIеман хенахь. Карарчу хенахь Нохчийн Республикин архивийн урхаллин белхахоша Россин коьртачу архивашкахь вайн мехкан а, къоман а историца доьзна кехаташ лохуш, жигара болх бу дIахьош. И болх бахьанехь республикин архивийн фондехь материалаш хаъал алсамъевлла.
Лакхахь билгалъяьккхинчу книгин хьалхарчу декъехь ду дохийначу халкъан бакъонаш меттахIотторца йоьзначу пачхьалкхан политикин хьалхара гIулчаш гойту кехаташ. Книгин кхидолу дакъош къоман автономи меттахIотторан билггалчу г1уллакхашна лерина хир ду.
А.МУСАЕВА
Авторан сурт