Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца Халкъан кхоллараллин туьшо вовшахтоьхначу материальни йоцчу культурин тIаьхьалонийн электронни каталог йовзийтира республикин А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди, республикин Къоман музейн директор Асталов Ваха, филологин Iилманийн кандидат Мунаев ИсмаьIал, Нохчийн Республикин академин президент Гапуров ШахIрудди, иштта, кхоллараллин интеллигенцин векалш.
Къоман материальни йоцчу культурин тIаьхьалонийн электронни каталогна юкъадогIуш ду нохчийн гIиллакхаш, Iадаташ, халкъана юкъахь кхолладелла иллеш, зуда ялоран а, ловзаран а, тезетан а гIиллакхаш, диканехь-вонехь кхача кечбаран хьесапаш, хIусамаш кечъяран башхаллаш.
Оцу дерригенах лаьцна дерг кIорггера довзийтархьама лакхахь билгалъяьккхинчу туьшан векалша меттан Iилманчашца, этнографашца, фольклористашца, историкашца цхьаьна республикин хIора а кIоштахь, юьртахь баккхийчу нахах дага а буьйлуш, хоьттуш гулдина, дIаяздина ду каталогехь дерш.
– Къоман материальни йоцчу культурин тIаьхьалонийн электронни каталог Россин кхечу регионашкахь а кхоьллина, церан цу тIехь аьтто бинарг ду дуккха а шерашкахь гулйина архиваш, белхан зеделларг а хилар. Ткъа вайн, тIамо массо а хIума хIаллакдар бахьана долуш, таронаш яккхий яц, делахь а, дIадаханчу шарахь Халкъан кхоллараллин туьшо боккха болх а бина, электронни каталогна бух а биллина. Цара кеч а йина Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу культурин Кхеташонан а, Экспертни Кхеташонан а кхиэле биллина къоман материальни йоцчу культурин тIаьхьалонийн 30 болх. Ткъа хIокху шарахь кхин а 15 тIаьхьалонан болх кечбан дагахь ду тхо. Кхеташонехь билгалдаьхна кхачамбацарш дIа а даьхна и тIечагIйинчул тIаьхьа, каталог Москва йохьуьйтур ю. Цигахь теллинчул тIахьа, Россин Федерацин къаьмнийн материальни йоцчу культурийн тIаьхьалонийн электронни юкъарчу каталогна тIетухур ю иза. Церан интернет сайта тIехь Нохчийн Республикин шен кор хир ду, вайн культура йовза лууш волчун хьеннан а аьтто хир бу оцу «корехула» вайн къоман культура йовза, цунах лаьцна дерг деша а, иштта хIора а кхечу регионан а хир ду шайн-шайн кор, – дийцира Дааев Хож-Баудис.
Йовзийта лаьа Халкъан кхоллараллин туьшо вовшахтоьхначу каталоган теманаш: «Истанг», «Тезет», «Ага», «Хьаша-да тIелацар», «Синкъерам», «ЧIир екъар», «Верта», «Белхи», «Ненан декъалдар», «Холхазан куй», легенда «Кхоллам», «Гуьржийн элан Анзоран а, хIирийн йоьIан а илли», «МаслаIат даран институт», «Нохчийн хелхар», «Ломарчу жаIун илли», «Говр ламарочун дахарехь», «Йовлакх», «Нохчийн кхерч», «Хингалш», «Нохчийн ловзар», «Тайниг», «Этнопедагогика», «Дечиг-пондар», «Нускал хи тIе даккхар», «Къинхьегаман пенсеш», «ТIехьийзаран институт», «БаIарш», «Гота яккхар», «Шаройн хингалш», «ЧIепалгаш».
ВЕГИЕВА Макка
Авторан суьрташ тIехь: каталог йовзийтаран цхьаьнакхетар
№10, пIераска, чиллин (февраль) беттан 9-гIа де, 2018 шо