Хаза кхаъ кхаьчна республикин Берийн библиотеке. 2017-чу шарахь библиотекин ешархоша Бердукаева Селимас а, Албастов Доккас а дакъалаьцнера Ерригроссин литературин-географин «Символы России. Природные сокровища» олимпиадехь. Иза вовшахтоьхнера Россин пачхьалкхан берийн библиотеко, Оьрсийн географин юкъараллин экспертни-аналитикин а, проектни белхийн а департаменто, оьрсийн литературин историн В.Далян цIарахчу пачхьалкхан музейца цхьаьна.

ХIокху деношкахь хаам кхаьчна, цара цигахь толам баьккхина, аьлла. Иштта, оцу Ерригроссин проектан регионан мур вовшахтохарна а, дIабахьарна а Берийн библиотекин директорна Сайдумова Зулайна Баркаллин кехат даийтина.
Цу хьокъехь тхоьца къамел хилира берийн библиотекин директоран заместителан Хожаева Дешин. Цо дийцира: – Берийн библиотекин жигарчу ешархоша кест-кеста дакъалоцу яккхийчу конкурсашкахь а, фестивалашкахь а. Иштта, дIадIадаханчу шарахь «Символы России. Природные сокровища» олимпиада кхайкхийча, регионан олимпиада кхузахь дIаяьхьира, вайн республикин школашкарчу дешархоша дакъа а лоцуш. Хаттарш дIора атта а дацара. Хаттаршна нийса жоьпаш делларш къастийра оха. Цигахь тоьлларш Ерригроссин олимпиаде хьовсийра.
Суна билгалдаккха луур дара, оцу олимпиадехь толам баьккхина долу Бердукаева Селима а, Албастов Докка а библиотекин жигара ешархой хилар. Уьш сих-сиха богIу библиотеке книгаш еша а, цIахь еша книгаш яхьа а. Ерригроссин олимпиадехь шаьш дакъалоцур дуйла хиъча, мелла а сагатдеш бара уьш. Амма цара цигахь шайгара хьуьнарш гайтина. ХIокху деношкахь тхоьга хаам кхечира цара оцу олимпиадехь толам баьккхина, аьлла. Иза библиотекина а юьхькIам бу.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрта тIехь: Олимпиадин толамхой
№10, пIераска, чиллин (февраль) беттан 9-гIа де, 2018 шо