Дарин йовлакхашкахь халкъан васт гайтина

Цхьаволчо хьалхе дуьйна шен говзаллина «кечамбахь» а, Газиева Мадинин дахарехь иштта ца хилира. Чохь суьрташ дехкина я леррина Iама гIерташ хилла а йоцу иза, ша суьрташдахкархо хир ю аьлла сацам хилла, исбаьхьаллин школе яхара шен деца. Ура-атталла, ша диллина сурт а ца деанера цо шеца, хIетте а, кхуьнга дикка хьажа а хьаьжна (кхуьнгахь похIма хилар хааделча санна), школе схьаийцира.

Иза 1999-чу шарахь Оренбургерчу искусствийн школехь дара. ГIараваьлла суьртдашдахкархо а, музыкант а вара кхуьнан дуьххьарлера хьехархо Черников Анатолий. Суьрташдахкархо хила лаам хиллехь а, шех бIобоьлла яцара Мадина, амма хьехархо тешна вара кхуьнгахь долчу похIманах. Пхеа шарахь дешначул тIаьхьа а, Анатолий Яковлевич волчу занятешка йоьдура Мадина, школерчу исбаьхьаллин пхьалгIахь суьрташ дахка (юкъарадешаран школа чекхъяккхалц бакъо яра йоьIан цига эха). ТIаккха хьехархочо исбаьхьаллин училище йигира иза. Цара шаьш хазахеташ схьаоьцур ю, дешаран керла шо долалуш схьайола, элира. Амма цигахь долу хьал девзаш (тIе а хьоьжуш адамаш дахкар, и.дI.кх.), иза нохчийн йоьIан меттиг яц аьлла, цига ца яхара Мадина.

Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа архитектурин институтехь деша лаам хиллера цуьнан. Шен белхаш а хьош институте яханчуьра, кхераелла, шен цу декъехь хьуьнар дац аьлла хетта, цIа еара иза. Амма дохко ца елира йоI. Цига ца яханехь а, пайдехь кхин говзаллаш караерзийра цо: медицинин техникехула инженер, ингалсан меттан гочдархо.

2012-чу шарахь Оренбургера Нохчийчу цIаера Мадина. ЦIаеанчул тIаьхьа исбаьхьаллин пхьалгIа схьайиллира цо. ПхьалгIахь йоллушехь, Соьлжа-ГIалин №91 йолчу школехь шина шарахь а, цул тIаьхьа №3 йолчу гимназехь шина шарахь а ингалсан меттан хьехархочун болх бира. Суьрташ дахка Iамош бераш делахь а, шен пхьалгIанах исбаьхьаллин студи ца йо суьрташдахкархочо, хIунда аьлча, дукха хьолахь, шен кхоллараллин белхаш бо цо цигахь.

ПохIме стаг массо хIуманна тIехь а хуьлу похIме, олуш ду. Ишттачарах ю Газиева Мадина а. Исбаьхьаллин суьрташдахкарехь говза хилла ца Iаш, кхузаманан искусствон тайп-тайпана кепаш а караерзийна цо. Леррина оцу гIуллакхна цхьанхьа а Iемина йоцушшехь, барельефан жанрехь белхаш бан йолаелира иза. Дечиг агар а, кхийра хIума яр а чIогIа хазахеташ йолчу цунна чIогIа тайра архитектурин гIишлош кечъярехь шуьйра яьржина йолу барельеф.

Дозанал арахьарчу говзанчийн белхашка хьоьжуш, цо сиха карадерзийра кхийра агарца суьрташ дахкар. Уьш, дукха хьолахь, тайп-тайпана зезагаш, кхийолу ораматаш хуьлу. Кхийран экъанна тIехула тIедаьлла а дуьтуш аьгначу суьртах олу барельеф. Цу кепара белхаш чIогIа оьшуш хуьлу кхузаманан лехамашца шайн чоьнаш кечъеш болчарна – чуьра интерьер хаза а, шатайпа а йо барельефо.

Иштта, 2014-чу шарахь, суьрташдахкархочуьнца Мусостова Заремица цхьаьна Соьлжа-ГIаларчу Кхузаманан искусствон туьшахь хиллачу шен дуьххьарлерчу гайтаме даьхнера Мадинас барельефан кепехь долу шен белхаш.

Цу тайппана, искусствехь шена хазделла долу муьлхха а хIума карадерзадо Мадинас. ГIамарна тIехь суьрташ дахка а Iемина, шен пхьалгIахь берашна лерина «ГIамарца арт-терапи» занятеш а йолийна цо. ГIамарца (я гIум тIехь) суьрташ дахкар тIаьхьарчу хенахь дуьненахь даьржина а, нахана чIогIа хазахеташ а ду. Нохчийчохь иза дIадолийнарг Газиева Мадина лара йогIу.

Мадинин да хилла куьйгана чIогIа говза. «Аьчкан юьхках чIондарг а ялур яра цуьнга» олуш хилла наха цунах лаьцна. Къоналлехь дуьйна гIишлошъярехь дукха къахьегна, гIараваьлла гIишлошъярхо хилла иза. ХIусамаш тIера а, чуьра а кечъеш, пенаш тIехь суьрташ дохкуш хилла цо, аьчках кевнаш а, кхийолу хIуманаш а йина. Цуьнгара схьа хир ду Мадинин похIма а – шен пхьалгIахь пенаш а кечдина цо шен куьйга.

Дуьххьара ша исбаьхьаллин школе яхча, дас шена эцна басарш а, шен дуьххьарлера суьрташ а хьоме хеташ, тахана а лелош ду Мадинас. ХIетахь шаьш атта дохкуш а доццушехь, уггаре а дика гIирсаш оьцуш хилла дас суьрташдахкар марзделлачу йоIана. ЙоIа доьшучу исбаьхьаллин школехь, цу хенахь, цхьаьннан а ца хилла корматаллин (профессиональни) басарш. Цундела, дозалла дан бахьана хилла кхунна.

«Уьш-м тахана а ду, хIетахь санна, дика сурт дуьллуш», – дуьйцу Мадинас дегайовхонца. Тахана 19 шо кхаьчна тIехь «Ленинград» аьлла яздина, шатайпа хьожа йолу, басарийн шира ботт цо лелайо.

ЦIера Олхазар-КIотарара бу Мадинин доьзал, ялх йиша ю цуьнан. Уьш берриге а, Мадина санна, дахарехь шайн меттиг карийна, къахьоьгуш бу: цхьаъ лор ю, важа инженер, кхоалгIаниг – журналист, иштта кхидIа а.

Оренбургехь 25 шо даьккхинехь а, даима а Даймахкана сагатдеш, шен цIа цигахь дуй хууш кхиъна Мадина. Даима а «кхана цIа доьлху» аьллачу ойланца Iийна иза цигахь. Нохчийчохь йоцуш ша яьккхина хан нохчийн яздархойн книгаш йоьшуш, къоман гIиллакхаш, Iадаташ ган а, Даймехкан хазаллах Iаба а хьоьгуш яьккхина хиларна хир ду тахана Газиева Мадинин кхоллараллехь нохчийн халкъан васт, амалш, аматаш гучудийлар. Къоман Iадатийн сий деш, хIусамехь нохчаллин Iаь лаьтташ кхиинчу цо, даима а ойла йора, нохчийн зудчун дахарехь йоккха меттиг дIалоцучу йовлакхан. Нохчаша шаьш деш йовлакх а доцуш, хуьлийла а ма дац, аьлла.

Иштта, нохчийн культурин исторехь ша саннарг кхин хилла йоцу мехала проект дага а лаьцна, цу тIехь дукха къахьегна, лаккхарчу тIегIанехь иза кхочушйина цо. ДIадаханчу шеран лахьанан (ноябрь) беттан чаккхенехь схьабиллина, гIуран (декабрь) бутт чекхбаллалц, Соьлжа-ГIалахь А-Хь.Кадыровн цIарахчу пачхьалкхан галерейхь лаьттинчу «Нохчийн аматаш дарешкахь» цIе йолчу гайтаме даьхна дара Газиева Мадинас шен куьйга суьрташ а дехкина, оцу суьрташца дина нохчийн дарин йовлакхаш.

2013-чу шарахь дуьйна царна тIехь болх бина суьрташдахкархочо. Бустамийн бух кхуллуш, тайп-тайпанчу архивашкахь, куьйгаговзаллин искусствон нехан доларчу коллекцешка хьоьжуш, Нохчийн Республикин музейшка а, библиотекашка а лелаш болх бина цо. КIадин дизайн караерзийна. Россин гIарабевллачу суьрташдахкархойн а, дизайнерийн а гIо лехна, Россехь а, Францехь а тайп-тайпанчу пхьалгIашка а ихина.

КIадин дизайнан а, модин а, коьртаниг – къоман культурин берриге а лехамашца догIуш долу хьалхара кхо йовлакх Францехь дина Мадинас. Пхеа шарахь болх бинчул тIаьхьа 9 сурт, тайп-тайпана беснаш долуш уьш хилар лерича, 22 йовлакх дара искусство езархошна гайтаме даьккхинарг.

Цуьнан хIора а йовлакх – цхьа шатайпа дуьне. ХIоранна тIехь а гайтина вайнехан хаза гIиллакхаш, Iадаташ, аматаш. Белхийн цIераша а гойту церан чулацам: «Даймохк», «Шовданан йист», «Къанойн кхеташо», «Бустамаш», «МаслаIат», «Мукъам», «Нана», «Вежараллин халкъ», «Халкъан барт».

«Даймохк» цIе тиллинчу йовлакха тIехь автора дехкинчу лаьмнаша, бIаьвнаша, маьлхан зIаьнарша, хьаннаша Нохчийчоьнан исбаьхьалла гойту.

Нохчийн кхерч а, Iер-дахар а гайтина цу тIехь аганца, пхегIашца, истангашца. Даймохк а, шен кхерч а дIахьулбина лаьттачу къонахчун васт кхуллуш вета болу коч а, чоа а ду диллина. Шаьлта а, турс а ду къонахчуьнгахь – иза муьлххачу а хенахь Даймохк, кхерч ларбан кийча хилар гойтуш.

Вайна хууш ма-хиллара, дукха ширачу заманахь дуьйна, Iаламо исбаьхьаллица хазйинчу метте – шовданан йисте богIуш хилла юьртара кегийнах а, мехкарий а. Кхузахь кхоллалуш хилла безам а, хинболчу доьзалан бух а. «Шовданан йист» цIе тиллинчу суьртехь Газиева Мадинас башха гайтина нохчийн къоман уггаре а хазачех долу и ламаст. БIаьвнаш, лаьмнаш, Даймехкан исбаьхьа Iалам, кегийчу наха дIабуьзна цхьа гуо, карахь кIудалш йолчу мехкарша буьзна шолгIа гуо – и дерриге дIатарделла цхьана йовлакхехь. Кегийчу нехан а, мехкарийн а могIарийн юкъ къастош биллина нохчийн бустамех хIоттийна гуо бу. Оцу могIаршна
тIехула дехкина истангаш а ду, ширачу заманахь санна, нохчийн къоман бустамашца кечдина.

Суьрташдахкархочо гойтуш долу васт чекхдоккхуш, оцу суьртана юккъехь гуш шовда а ду, цу йистехь дош а делла, вовшахкхетта долчу къоначу шиннан некъаш санна, вовшаххоттаелла ши кIудал а ю.

Нохчийн къоман уггаре а хазачу, оьздачу Iадаташна юкъахь ду воккха стаг ларар. Массо а заманахь нохчийн къаной шайн юьртахь долчух жоп а луш, тайпанийн, тукхамийн дай а хилла лаьттина. Диканехь я вонехь хьалхабовлуш, цхьана зуламна я ледарлонна бехкечунна кхиэл еш, иза нисван везахь хьехар деш, я дан догIу таIзар деш, иштта кхечу гIуллакхашкахь а мехала сацам тIеоьцуш вовшахтухуш хилла Къанойн кхеташо.

Доккха маьIна лелош хилла и хаза ламаст а гайтина суьрташдахкархочо «Къанойн кхеташо» аьллачу шен цхьана йовлакха тIехь. Шен исбаьхьаллин ойлане хьаьжжина, башхачу кепехь дехкинчу хьаьрсачу хьечан синтаршца тIедуьзна автора и сурт.

Нохчийн бустамаш – халкъан кхоллараллин уггаре а хьалдолчу дакъойх цхьаъ ду, цуьнан орамаш генна, эзаршерийн кIоргенашка доьлху. Муьлххачу а бустамехь шен ойла, чулацам, дийцар хуьлу, билгалонийн а, хьаьркийн а маттаца шен халкъах лаьцна дуьйцу цо: цуьнан амалх, кхолламах, башхаллех.

Нохчийн халкъан дахар бустамийн тIамаршца кхузаманан кепехь гайта Iалашо йолуш, дина ду автора «Бустамаш» цIе йолу йовлакх. Бустамашца кечдинчу истанган сурт хилла ца Iаш, вайнехан зударийн гIабалин бустамаш а, къоман синкхетамца йогIуш йолу тайп-тайпана тIамарш а ю цу тIехь.

Хьалха заманахь нохчашлахь зудчо коьртара даьккхина йовлакх юкъа тесча, мел буьрса дов а, оцу мIаьргонехь машар беш, дIадерзош хилла. Кортош охьаохкийна, шаьлтанаш охьаяхийтина лаьттачу шина къонахчун а, царна юкъа кIайн йовлакх а кхоьссина, дов дерзаран бахьана хиллачу йоьIан а васташца, шен сий-лараме хьаьжжина, йоI мелла а лакхахь а йолуш, «МаслаIат» цIе тиллинчу йовлакха тIехь сирла гайтина суьрташдахкархочо дуьненахь а шен хазаллица гIарадаьлла долу вайнехан и Iадат.

Нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллехь а, культурехь а йоккха меттиг дIалоцу пондаро, хуьлийла иза дечиган, кехатан я Iад хьокху. Цаьрца цхьаьна, нохчийн мукъамаш кхолларехь шайн дакъа дIалоцуш ю вота а, шедаг а. И берриге гIирсаш гойтуш диллина автора «Мукъам» цIе йолу сурт.

Ша дуьне а, Iалам а кхоьлличхьана, Дала зудчунна делла уггаре а сийлахь дарж ду – нана хилар. Дерриге а халкъаша еза лерина елахь а, вайнехан кхетамехь къаьсттина йоккха меттиг дIалоцуш ю нана. Иштта, вайнехан наношна лерина, нанас вайн дахарехь дIалоцуш йолу меттиг билгалъяккха лууш, шен цхьа сурт («Нана») диллина автора.

Ненан кIеда-мерза, ховха васт гайтархьама, ага техкош Iачу цунна гонаха дуккха а зезагаш дехкина, хIунда аьлча, Iаламехь уггаре а ховха а, хаза а зезаг ду. ТIекхуьучу тIаьхьенна Даймохк безийтарехь нанас дIалоцуш йолу меттиг билгалйо аганахь доьзалхо техкочу цунна тIехьа гуш долчу дай баьхначу лаьттан Iаламо.

«Хьомсара сан нана, бовхачу хьан некхехь стигларчу седане дуьххьара хьаьжна со» – суьртан лакхахь далийначу нохчийн гIараваьллачу яздархочун Мамакаев Мохьмадан дешнашца автора гойту берана дерриге а дуьне схьадоьллург а, дахарх йолу цуьнан дог-ойла кхуллург а нана хилар. Вайн вежараллин халкъан сий-ларам а бина, гIалгIашна лерина цхьа йовлакх дина суьрташдахкархочо.

«Вежараллин халкъ» аьллачу белхан коьрта дакъа дIалоцуш ю ГIалгIайчоьнан пачхьалкхан байракха тIехь йолу «маьлхан билгало». Оцу билгалонна юккъехь вайнехан зударийн къоман духаран – гIабали тIехь хуьлу бустамаш дехкина автора. Гонаха Даймехкан латта а диллина.

КадыровгIеран доьзало нохчийн халкъан барт чIагIбарехь дIалаьцна меттиг гойтуш диллина ду «Халкъан барт» цIе йолу сурт. Йовлакх ма-дду дIасаяьржина зIаьнарш – тахана Нохчийчоьнна тIехула къегинчу маьлхан серло, нур ду. Суьртана юккъехь долу дитт – КадыровгIеран доьзал, цунна гонахара исс го – нохчийн исс тукхам. Машшашца вовшах хиттина ду гуонаш, иштта царах хоьттина ду диттан орамаш а.

Цу тайппана, нохчийн дерриге а тукхамаш (тайпанаш) цхьаьна а тоьхна, шен орамашца халкъах боьлла, цунах боьзна бу КадыровгIеран доьзал. Дитта тIехь дуккха а стоьмаш бу – оцу доьзало шен халкъан дуьхьа къахьегаран беркате тIаьхьенаш ю уьш, вайна денна гуш йолу.

И проект дагалоцучу хенахь Мадинин хилла коьрта Iалашо яра Россехь а, дерриге дуьненахь а вайн башха культура, истори йовзуьйтур йолу, ша саннарг кхин йоцу нохчийн «бренд» кхоллар.

Ширачу заманахь дуьйна таханлерчу дийне кхаччалц нохчийн зудчун васт кхуллуш, цуьнан оьздангаллин, сийлаллин, ийманан, эхь-бехкан, кхетаман амат тIедузуш схьадеана ду йовлакх. Цундела, нохчийн зудчун дахарехь йовлакхо дIалоцуш йолу меттиг маьIне а лерина, вайн вешан йовлакх ца хуьлийла а дац аьлла, ша дагалаьцна мехала Iалашо кхочушйина Газиева Мадинас.

Дерриге а нохчийн халкъо дозалла дан хьакъ болуш, баккъал а, къоман васт кхуллуш, тIаьхьарчу тIаьхьенашна а буьсур болу сийлахь болх бу цо бинарг.

А.МУСАЕВА

№11, шинара, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: