Нохчийчохь билгалдаьккхира Россин халкъийн цхьааллин де

IMG_6494

4-чу ноябрехь, Россин халкъийн цхьааллин де билгал а доккхуш, Соьлжа-ГIалахь «Нохчийчоьнан дог» маьждигана хьалхарчу майданахь цхьаьнакхийтира 35 эзар сов  стаг.

Даздарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Парламентан председатель Абдурахманов Дукхуваха, Нохчийн Республикин Правительствон председателан хьалхара заместитель Тумхаджиев Iийса, Соьлжа-ГIалин мэр Кадыров Ислам, министерствийн куьйгалхой, кхиберш.

Д.Абдурахмановс элира: –  Гулделла долчу адамаша гойту Россин Федерацин Президенте Путин Владимире а, Нохчийн Республикн Куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане а болу шайн лерам. – Тахана вай цхьаьнакхетта В.Путина а, Р.Кадыровс а дIахьош йолчу политикина вай реза хилар гойтуш. Нохчийчохь дехаш долу халкъаш бертахь дацахьара иштта хаза цхьаьнакхетта хир дацара вай. Дуьненна а гуш хаза, бертахь, цхьа доьзал а хилла, дехаш ду вайн къаьмнаш.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен къамелехь билгалдаьккхира, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас уггаре а халчу хенахь дIайолийна йолу политика Нохчийчохь дехаш долчу дерриге а къаьмнаша цхьатерра къобалъеш тIелаьцна хилар.

– Вайн республикин  хьалхара Президент тешна вара машаран, кхиаран бух юкъараллин барт хиларехь хиларх. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа бахьанехь массо а агIор кхуьуш схьайогIучу Россин Федерацин регионехь дехаш ду вай. Вайн цхьаалла а, барт а хиларо  гIодо республикин экономика а, социальни дакъа а кхиорна. Мехала ду къаьмнашна юкъахь доттагIалла кхиор а, тIекхуьучу чкъурана   весет дина и лардар  тIедиллар а. – бохура Р.Кадыровс.

Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIалин коьртачу майданахь гулбеллачеран самукъадаьккхира нохчийн эстрадин артисташа а, Нохчийн Республикехь йолчу къаьмнийн культурин марказийн исбаьхьаллин коллективаша а.

Цхьаьнакхетар дIадирзира гулбеллачара Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а гимнаш лакхарца.

Р.АБДУЛМУСЛИМОВ

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: