Культурин тIаьхьалонан 12 объект куьце ялор ю

Нохчийн Республикин пачхьенан 200 шо кхачарна лерина культурин тIаьхьалонан 12 объект меттахIоттор ю Соьлжа-ГIалахь. Цунах лаьцна журналисташна еллачу интервьюхь хаам бира Нохчийн Республикин Правительствон культурин тIаьхьалонех пайдаэцарехула, уьш Iалашъярехула йолчу комитетан куьйгалхочо Молочаев Ислама.

«Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачар даздарна а, цунна кечамбарна а леринчу программин гурашкахь, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца, меттахIотто къастийнера республикин пачхьенехь йолу культурин тIаьхьалонан 12 объект. Цу юкъахь бу тIеман ши кампани хиллачул тIаьхьа дийна бисина хIолламаш а, нах чохь Iен 4 цIа а. Ерриге а объекташкахь коьрта белхаш бина бевлла, бисина цхьа хIоллам бу, иза куьце балон хенан хIоттаман бегIийла хьелаш оьшу», – элира цо.

Комитетан куьйгалхочо дийцарехь, меттахIитторан белхашна билгалдаьккхина ахча юккъерчу барамехь 30 миллион соьмал сов ду. Куьце ялийна йолу объекташ 2018-чу шеран дезденошкахь схьаелла ойла ю.

«Масех хIоллам хIутосург (май) беттан 9-чу дийнахь – Толаман дийнахь схьабоьллур бу оха. Лахьанан (август) баттахь, куьце балийначул тIаьхьа, схьабоьллур бу граждански тIеман шерашкахь 1918-чу шарахь бIедийнан тIом болчу хенахь кхелхинчу цIеэскархойн вежараллин кошан хIоллам», – дийцира И.Молочаевс.

Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачар даздаран хьокъехь долчу Указана Россин Президента Путин Владимира куьг яздина 2015-чу шеран чиллин (февраль) беттан 26-чу дийнахь. Оцу денна лерина 50 гергга гIуллакх д1адахьа дагахь ду, цу юкъахь – историн хIолламаш куьце балор, культурин хиламаш, спортан къийсадаларш, форумаш.

Пачхьенан юбилейна лерина гIуллакхаш кхочушдарна лерина (2016-2018-чуй шерашна) билгалдаьккхинарг 271,43 миллион сом ахча ду, цуьнах 257 миллион сом сов – федеральни бюджетера.

Соьлжа-ГIала йиллина шо 1818-ниг ларалуш ду, хIетахь Соьлжа хин берда йистехь Буьрсаниг цIе йолу гIап йиллина хиларна.

А.ВАХАЕВА

№11, шинара, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: