Нажи-Юьртан кIоштарчу Айти-Мохк юьртахь хIокху деношкахь даздаран хьолехь схьайиллира кхиазхошна лерина реабилитаци яран туш.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.
Цо билгалдаьккхира социальни гIишло схьаеллар кIоштан бахархошна доккха маьIна долуш гIуллакх хилар.
Кадыров Рамзана дагадаийтира тIемаш чекхбевллачу шерашкахь кIоштара бахархой, болх лоьхуш, дахарна-Iерна бегIийла хьелаш лоьхуш, шайн цIенош, ков-керташ дIа а туьйсуш, кхечанхьа дIабаха безаш хилла хилар.
«ХIинца хьал хIетахь хиллачух чIогIа къаьсташ ду, иза дуккха а тоделла. Кхузахь керла некъаш дехкина, больницаш, школаш, маьждигаш дина. Хьалха кхузара дIаихна адамаш шайн ярташка, керташка, цIеношка юхадерза дуьйладелла. Лаьмнашкара меттигаш кхиоран программа кхочуш а еш, хаддаза беш бу кхидIа а белхан меттигаш кхолларан белхаш, меттигерчу предпринимательшна оьшуш долу гIо-накъосталла а ду деш», – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Республикин куьйгаллин социальни тIехьажам болу политика хиларан бIаьрла масал ду бохура цо тахана кхузахь схьайоьллуш йолу реабилитаци яран туш.
Регионан Куьйгалхочо дийцарехь, цигахь Iан а, деша а аьтто хир бу кхаа шарера 18 шаре кхаччалц хенаш йолчу бIе беран а, кхиазхочун а. Царна оьшуш мел долчуьнца кхачойийр ю пачхьалкхо.
Нохчийчоьнан къинхьегаман а, балха нисбаран а, социальни кхиоран а министра дош делира кIошт кхидIа а кхиор кхул тIаьхьа а дIадахьа.
«Деккъа цхьана 2017-чу шарахь оха 777 белхан меттиг кхоьллина. Карарчу шарахь белхан меттиг хир ю кхин а пхи бIе сов стагана, реабилитаци яран хIокху туьшехь балха нисвина 170 стаг ца лерича а», – бохура министра.
Цул тIаьхьа дIадаьхьира туш схьаелларан даздарш. ЦIен аса хадор дийхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга. ЦIен аса а хадийна, чоьнашка хьаьвсира кхуза баьхкинарш. Кху чохь йоккха кхачанан чоь а, актови а, спортивни а залаш, Iаьнан беш, ловзаран майданаш, дешаран а, чохь Iаран а чоьнаш ю.
Ма-дарра аьлча, хIара туш 2013-чу шарахь схьайиллина яра. Делахь а, 2016-чу шарахь токхамаш хилар бахьана долуш гIишлон пенаш лилхинера, боьхнера йовхо луш болу, ток тIеялош болу гIирсаш, коьчалш, кхиерш. ХIокху туьшана реконструкци ян, социальни мехала маьIна долу кхин а дуккха а гIишлош ян аьтто белира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо леррина а, хаддаза а дукха бераш долчу доьзалийн гIайгIабар а, царна гIо-накъосталла дар а бахьана долуш.
ХIинца йина яьллачу туьшехь ю тIеэцаран социально-диагностикин отделени, социальни реабилитаци яран, социальни-бакъонан гIо даран отделени, стационар. ХIора шарахь оцу учрежденехь социальни реабилитаци ярх чекхволу 200 сов кхиазхо. Царна социальни гIо до лаккхара корматалла йолчу говзанчаша.
Туш схьаелларан даздаршкахь иштта дакъалецира Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин Куьйгалхочо Израйилов IабдулкъахIира, вице-премьера Ахмадов ШахIида, цхьамогIа министерствийн, ведомствийн куьйгалхоша, ткъа иштта кIоштарчу бахархоша.
Д.АНАДЕВ
№11, шинара, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де, 2018 шо