ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу театран-концертийн залехь дIадаьхьира Нохчийн Республикин Прокуратура кхоьллина 18 шо кхачарна лерина даздарш.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан, Нохчийн Республикин прокурор Абдул-Кадыров Шарпудди, республикин суьдийн а, бакъонашларъяран а органийн куьйгалхой, прокуратурин органийн ветеранаш, кхиберш.
Нохчийн Республикин Прокуратурин балхах лаьцна йолу видеокийсак гайтарца дIадолийра даздарш. Цул тIаьхьа, гулбеллачаьрга маршалла а хоттуш, вистхилира Нохчийн Республикин прокурор Абдул-Кадыров Шарпудди.
– Нохчийн Республикин Прокуратурин 18 шо кхаьчна. Иза дикка хан елахь а, Россин Федерацин прокуратурехь уггаре а къоначех структура ю хIара. Нохчийн Республикин Прокуратура евза кхиъна яьлла, тешаме, лаккхара говзалла йолчу белхахойн терго латторан орган санна. Цо шен болх саца ца бина уггаре халачу хенахь а. ДIадаханчу шарахь прокурорийн корпусо эвсара терго латтор дIадаьхьна законодательство бакъонийн юкъаметигийн массо а дакъошкахь кхочушдарехь. Къаьсттина тидам тIебахийтина юкъара бакъонаш ларъярна а, зуламашна, коррупцина, терроризмана, экстремизмана дуьхьал къийсам дIабахьарна а. Дуккха а гIуллакхаш дина бахархойн бакъонаш а, маршонаш а ларъярехь, – билгалдаьккхира республикин прокурора.
Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, прокуратурин белхахой шайн корматаллин дезачу денца декъал а бина, дIадийшира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан декъалдаран кехат.
Цу тIехь иштта яздина дара: «Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас боккха тидам тIебохуьйтура прокуратурин органийн балхана. Иза кхетара, терго латторан органо эвсара болх ца бича, конституцин къепе меттахIотталург цахиларх. Вайн пачхьалкхан уггаре а сиха кхуьуш а, кхерамаза а йолчу регионех цхьаъ хилла дIахIоьттина Нохчийн Республика. Абдул-Кадыров Шарпудди коьртехь волу прокуратура вайн пачхьалкхехь уггаре а тоьллачарех цхьаъ ю, бахархойн а, Iедалан органан векалийн а тешам а, сий-ларам а бу цуьнга. Республикин бакъонашларъяран системин мехала дакъа хилла дIахIоьттина иза».
Даздарш дерзош совгIаташ дира. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Указаца Нохчийн Республикин Прокуратурин тоьллачу белхахошна «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалш а, «Нохчийн Республикин хьакъволу юрист» цIерш а, Сийлаллин грамоташ а,
Баркаллин кехаташ а делира.
Даздарш дерзийра нохчийн эстрадин иллиалархойн концертан программица.
I.МУРТАЗОВ
№11, шинара, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де, 2018 шо