Нохчийн къоман культура уггаре а хазачарех цхьаъ ю. «Культура» дош хезча, цкъа хьалха вайн иэсе догIуш дерг сий долу нохчийн хелхар ду. Ширачу заманахь дуьйна а шен хатI ца хуьйцуш, таханлерчу дийне кхаччалц схьадеана вайн къоман хелхар. Тахана а оцу говзаллина шайн дерриге а дахар дIаделла, къахьоьгуш дуккха а кегий нах а, зудабераш а ду.

Культурин декъехь гIараваьлла вевзаш волчу нохчийн драматурга Хамидов Iабдул-Хьамида, хелхарчас Дакашев Вахас, Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин министр лаьттина волчу Татаев Вахас 1939-чу шарахь кхоьллина вайнехан хелхаран а, иллин а «Вайнах» пачхьалкхан ансамбль.
Юьхьанца 15 кIантах, йоIах лаьтташ йолу хелхаран тоба а, илли аларан жима тоба а яра ансамблана юкъайогIуш. Кавказан, къаьсттина нохчийн, гIалгIайн къаьмнийн мукъамаш хазахеташ волу къона музыкант, композитор Халебский Александр вара исбаьхьаллин куьйгалхо а, коьрта дирижер а.
Иллин а, хелхаран а «Вайнах» ансамбло 1940-чу шарахь Москва, Воронеж, Курск яккхийчу гIаланашкахь гайтира шайн дуьххьарлера концерт. Иштта дIаболийра ансамбло шен кхоллараллин некъ.
Шайн хуьлучу хIора а кхиамех самукъадолуш, боккхачу къинхьегамца цара кхоьллина ансамбль 1944-чу шарахь нохчийн, гIалгIайн халкъаш махках дахар бахьана долуш дIасаелира.
1956-чу шарахь Юккъерчу Азе, Казахстане дIакхалхийначу вайнахана юкъахь хаам баржабо иллин а, хелхаран а «Вайнах» ансамбль меттахIоттош хиларан хьокъехь, юха конкурс а кхайкхайо. ЧIогIа лерина хоьржуш, къастийра похIме кегийрхой.
1958-чу шарахь, нохчий, Даймахка цIабирзинчу шолгIачу шарахь, ансамбло шен дуьххьарлера концерт елира Соьлжа-ГIалин филармонин залехь. Нохчийн культурин исторехь даима яха йисина халкъана тIе хала мур беанчу хенахь, доьналлех ца бухуш, шайн къоман культура ларйинчу нехан цIерш (Айдамирова Марем, Дагаев Валид, Эсамбаев Махьмуд, Эдисултанов ШитIа, Сардалова Зулай, иштта дуккха а кхиберш).
Кхоллараллин новкъахь дуккха а къахьегначу алссам зеделларг долуш болчу церан цIерш яьхча, вай махкахойн самукъа долу.
ХIетахь дуьйна де-дийне мел долу кхиамаш совбуьйлуш, дуьненан массо а маьIIехь концерташ луш схьайогIуш ю Пачхьалкхан совгIатан лауреат йолу, Иорданин Хашемитин паччахьан орден елла йолу а, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу орденан Сийлахь кавалер йолу Нохчийн хелхаран «Вайнах» пачхьалкхан ансмабль.
Хьалхарнаш санна, гастролашкахь (ГIезалойн Республикехь, Россин дукха гIаланашкахь, Санкт-Петербургехь, Москвахь, Сочехь), фестивалашкахь дакъалоцуш дIаделира ансамблана 2017-гIа шо.
ДIадаханчу шарахь Россин Федерацин культурин министерствон гIоьнца «Безамца Соьлжа-ГIалара» 4 концерт юкъа йогIуш йолу проект дIайолийна «Вайнахо».
ХIинцале Москвахь а, Санкт-Петербургехь а ши концерт гайтина. Карарчу шеран чиллин (февраль) баттахь Азербайджанан пачхьенехь Бакухь халкъан драмин театрехь, бекарг (март) баттахь Тбилисехь А.Грибоедовн цIарахчу оьрсийн драмин театрехь гойтур ю оцу проектана юкъайогIуш йолу ши концерт.
Ансамблан куьйгалхочо Осмаева Заретас дийцарехь, кестта юбилей хир ю ансамблан.
– Дуьненахь массарна а дезаделла нохчийн хелхарш гойтуш карарчу шарахь дуккха а гастролаш ян лерина ю «Вайнах» ансамбль. ЦIахь йолчу хенахь, махкахошна концерташ гойтуш, церан догоьцуш, республикин хIора а кIоштахула чекхйолу ансамбль. Цул сов, тIедогIучу 2019-чу шарахь 80 шо кхочуш юбилей язъян кечамаш беш, керла хелхарш юкъадалош, репетицеш еш, духарш кечдеш, къахьоьгуш бу ансамблан солисташ. Къаьсттина хелхарчашца къахьоьгуш схьавогIуш ву хореограф Мажидов Iаднан. Тхо тешна ду, ансамблан керла хелхарш вайн республикин бахархоша хазахетарца тIеоьцург хиларх, – бохура цо.
М.ВЕГИЕВА
Авторан суьрта тIехь: «Вайнах» ансамбль
№11, шинара, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де, 2018 шо