Кикбоксингехула турнир дIаяьхьира

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу «Ахмат» кикбоксинган залехь 2002-2003-чуй шерашкахь бина болчу кегийрхошна юкъахь дIадаьхьира схьадиллина кикбоксингехула хьалхеяккхар. Къийсадаларш дIадаьхьира КI декъехь. Цигахь дакъалоцуш бара республикин ерриге а кIошташкара 100 сов жима стаг.

Йозаллин 11 категорехь шина дийнахь яхь къийсинчул тIаьхьа билгалбевлира толамхой а, совгIатхой а.

Даздаран хьолехь турнир ерзорехь лараме хьаша санна дакъалоцуш вара Россин Федерацин Кикбоксинган федерацин вице-президент Магомедов Мохьмад а, Нохчийн Республикин Кикбоксинган федерацин президент Ахмадов Мохьмад-Эми а. Цара кегийрхой декъалбира къийсадаларш дIадахьарна, спортсменийн говзаллин лаккхара мах а хадийра.

Иштта, цара баркалла элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна, Россин Турпалхочунна Кадыров Рамзанна вайн пачхьалкхехь а тоьлла долу, спортехь дакъалацарна мел оьшу хьелаш кхолларна.

Къийсадаларийн жамIашкахула СКФО-хь хьалхеяккхаран турнире яхийта команда вовшахтухур ю. И турнир дIахьур ю чиллин (февраль) беттан 22-25-чуй деношкахь Дагестан Республикин Избербаш гIалахь. ХIинца кегийрхой кечам беш бу хинйолчу турнирана.

I.ГАЙРБЕКОВ

№11, шинара, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: