Нохчийн студенташа а дакъалоцур ду къийсадаларшкахь

Россин МЧС-о Экстренни психологин гIодаран цIеххьанчу бохамийн ведомствон туьшан гIоьнца Ерригроссин «Чеченский фактор» къийсадаларш дIахьур ду. Цигахь дакъалоцур ду Нохчийн Республикин лакхарчу дешаран учрежденешкарчу студенташа.

Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин психолог-инспектора Алихажиев Аслана дийцарехь, оцу къийсадаларийн Iалашо иштта ю: дахарна а, могашаллина а кхерам болу хьал стагана тIехIоьттинехь, цунна медицинин хьалхара гIо дан а, психологин агIор гIо да а Iамадо. Дахарехь муьлхха а киртиг тIеIоттало стагана. Уллехь верг гIо оьшуш хилахь, цунна гIо дан вайн кегийрхошна Iаморна тIехь дика гIо дийр ду «Человеческий фактор» къийсадаларех.

– Лакхахь хьахийначу къийсадаларийн иштта тIедахкарш ду: хьалхарниг тест ю, шолгIаниг – къийсадаларийн дакъалацархоша гайта деза, стагана оьшучохь психологин гIолаца шайна хаар, ткъа кхоалгIаниг – командийн капитанаша шайн хьуьнарш гайтар, – бохура Алихажиев Аслана.

А.Алихажиевс дийцарехь, «Человеческий фактор» къийсадаларш кхаа муьрехь дIахьош ду – регионан а, регионашна юкъара а, ерригроссин а. Нохчийн Республикехь оцу къийсадаларшкахь дакъалоцур ду Соьлжа-ГIалин медицинин колледжан а, Нохчийн пачхьалкхан университетан а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан а студенташа.

Регионан муьрехь толам баьккхинчара дакъалоцур ду регионашна юкъахь дIахьур долчу къийсадаларшкахь.

Карарчу шеран бIаьста дIадахьа лерина регионашна юкъара къийсадаларш. Ткъа цигахь толам баьккхинарш къовсалур бу Москвахь дIахьур долчу Ерригроссин къийсадаларшкахь.

Кечйинарг –З.ХАСИЕВА

№11, шинара, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: