Берашна йицлур йоцу суьйре

ХIокху деношкахь С.В.Михалковн цIарахчу республикин Берийн библиотекехь керлачу «ДоттагIалла лелон а, дахарх цхьаьна даккхийден а» проектан болх дIаболийна.

Оцу проектан гурашкахь заьIап берашна лерина хаза суьйре вовшахтоьхнера библиотекехь. ЗаьIап берийн церан нийсархошца доттагIалла дIатаса а, цаьрга вовшашца гергарло леладайта а юкъаяьккхина ю проект.

Суьйре дIахьош яра библиотекин кхиар ледара долчу берийн хьашташ кхочушдаран отделан заведующи Домбаева Амина.

ЗаьIап берашка довха дешнаш а олуш, церан дог а хьостуш йистхилира иза.

– Дуьнен чохь адамаша вовшашца гергарло лелор деза ду. Даима а вовшашца мерза хила деза вай. Вайн керлачу проектехь дуьйцур ду доттагIалла мел мехала ду. ДоттагIаллина лерина цхьаьнакхетарш а, суьйренаш а дIахьур ю. Бераш, тхуна шу дукхадезаш а, оьшуш а ду. Тахана шун дуьхьа вовшахтоьхначу суьйренехь шун самукъадериг хиларх тешна ю со, – элира цо.

Суьйрене баьхкинера заьIап берашца гергарло лелон лууш болу ешархой. Царна боккха кхаъ хиллера бераш шайца доттагIалла лууш хилар хиъча.

Ешархоша шайн сурт а, «ДоттагIалла лелон а, дахарх цхьаьна даккхийден а проектан эмблема а, доттагIаллех лаьцна йолу байт а тIехь йолу «визиткаш» елира берашна. Оцу совгIатех царна уггаре а хазахеттарг «Суна хьоьца доттагIалла лело лаьа» аьлла, йоза тIехь долу кехат дара.

Оццул дегнаш а, ойла а цIена йолчу берийн синойх кхийтира и дешнаш. Шаьш оьшийла хиира царна. Шаьш кечдина совгIаташ доттагIашна дIаделлачул тIаьхьа, библиотекин ешархоша заьIап берашна доттагIаллех лаьцна байташ йийшира.

Цул тIаьхьа, бераш «мерзачу стоьлана» го бина охьахевшира. Цхьаьна чай а молуш, шайн доттагIашца мерза хан яьккхира могашалла ледара йолчу бераша. Кхузахь заьIап бераша а, библиотекин ешархоша а шайх лаьцна дийцира. Шайн дуьхьа вовшахтоьхначу суьйренехь церан даггара самукъадаьлла хилар гойтура церан серлаевллачу яххьаша а, къегаш бIаьргаша а.

Иштта, «Хаал, муьлхачу куьйгахь ю нахарт» ловзарех а левзира бераш. Могашалла ледара хиллехь а, хелха довла лууш а, хууш а дара бераш. Безамна цхьаьна суьрташ а дохуш, йирзира суьйре.

З.ЛОРСАНОВА

Авторан суьрта тIехь: суьйренан дакъалацархой

№11, шинара, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: