(Юьхь – 9-чу номерехь)
Кунта-Хьаьжехь а, цуьнан вешехь Мовсурехь а долчу хьолах лаьцна тхуна хууш хIумма а дац. Сибрехара вогIуш волу бусалба цхьа стаг кхийтира тхох, тхан хаттарна жоп луш, цо дийцира уьш Москва йолчу агIор дIабахара, аьлла. Оцу азиатехь цара яздина кехат дара. Амма тхан гIаролхоша иза соьгара дIадаьккхира».
ШолгIачу кехата тIера вайна хаьа Арсангиреев Илес бусалба Iадатехь дIавоьллина хилар.
ХIинца хьовсур вай «Исламан сирлачу новкъахь» книгехь оцу хиламах лаьцна Илесан тIаьхьенех волчу Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжас муха яздо: «Суна сайн девешигара ШахIадера хезнера Коврнакъа иштта дийцира бохуш: «Кунта-Хьаьжа а, цуьнан ваша Мовсар а цхьаьна камера чохь вара. Юкъахь ога бен доцуш, вукху камера чохь бара кхиболу муридаш. Ога иккхина дара, цундела оцу херонех парггIат вовшашца къамел дан аьтто бара. Илес цомгаш хилира. Иза горнизонан лазартне дIавигира. Цул тIаьхьа цхьа бутт баьлча, буьйсанна хан яьллачу хенахь, оганна дехьа Кунта-Хьаьжин аз хезира. Цо хаийтира: «Вайн накъост, Илес лазартнехь кхелхина, самадовлалаш, ламазаш эцалаш, Iуьйранна, бакъо а ехна, иза дIавуллур ву вай».
Сатоссучу хенахь Хьаьжас неI туьйхира. ТIехьожург схьа а кхайкхина, цуьнга элира: «Тхоьга хаам бина лазартнехь волу тхан накъост кхелхина, аьлла. Тхан динан Iадаташца и дIаволла бакъо лахьара тхуна».
ТIехьожучо жоп делира: «Шун накъост кхалхаран хьокъехь тхуна хууш хIумма а дац. Шун дехаре хьовсур ду тхо. Нагахь санна иза баккъал а кхелхинехь, оха дехар дийр ду шуьга иза дIаволлийта, аьлла».
Дукха хан ялале камерш схьайиллира, тхо арадехира. ХIетале ехачу учахь лаьтташ вара Хьаьжа а, Мовсар а.
Уьш хьалха а болуш, лазартне дIадахара тхо. Цигара Илесан дакъа схьа а эцна, тхайгахь долу ахча вовшах а тоьхна, меттигерчу гIезалошкара боккха ка а эцна, сагIа а доккхуш, волла ма-веззара дIавоьллира оха шун да Илес. Кошан лахьти чохь иза дIанисвеш Хьаьжа а, Мовсар а вара», – иштта дийцинера Коврнакъа сан деден веше Iадсаламе сан дедеден Илесан кхолламан хьокъехь»,
Вайна гуш ма-хиллара, книги тIера вай далийнарг архивашкарчу документашкахь долчуьнца догIуш ду. Арсангиреев Илес, баккъал а цомгаш хилла, баттахь гергга Новочеркасскерчу набахтин гIопехь больницехь а Iиллина, кхелхина 1864-чу шеран оханан (апрель) беттан 20-чу дийнахь.
Бусалба динан Iадатехь дIа а воьллина. Кунта-Хьаьжа а, Мовсар а иза кхелхачу хенахь Новочеркасскехь хилла, Илес дIаверзош хьалха ваьлла хилла хила турлуш а ду. И шиъ цигара ссылке 1864-чу шеран асаран (июнь) беттан 23-чу дийнахь бен дIахьажийна а вац.
Кишин Кунта-Хьаьжа Тамбовхула Новгородски губернерчу Устюжна гIала, ткъа Мовсар – Выборг гIала…
Мовсар Хонкара кхаьчна. Масех шо хьалха цигахь цуьнан каш карийна. Телебов Къарнай (Коврнакъ) ссылкехь Юхново гIалахь хилла.
1870-чу шеран оханан (апрель) беттан 30-чу дийнахьлерчу документехь яздо: «Паччахьа Императора, Цуьнан Сийлаллин Коьртакомандующин дехарца, боккха къинхетам а бина, пурба делира нохчи Телебов Къарнай Одессехула Трапезунде дIакхалхо».
Хетарехь, Коврнакъ дукха хан ялале Хонкарара цIа веана. ТIаккха дийцина цо Iабдасаламе цуьнан ден Илесан кхолламан хьокъехь.
Иштта, дIавахана дахарера, гIеметтахIоьттинчу хенахь Арсангиреев Илес. Паччахьан набахтешкахь чIогIа Iазап хьегна цо. Амма бусалба динах а, шен устазах Кишин Кунта-Хьаьжех а дIа ца хьаьвзина иза. Ца дитина зуькар а. Набахтин шийлачу камершкахь ша чIогIачу лазарша хьийзочу хенахь а, шегара доккха ийман, доьналла, син чIагIалла гайтина цо.
Церан цIийнан амалехь ду иза. Иза цIена бакъдерг хиларх вай тешадо КадыровгIеран доьзалан турпалаллин хьуьнарша, доьналло.
Илесана а, цуьнан кIантана Iабдулкъедирна а тIера схьадогIуш ду иза. Уьш тешаме хилла буьсуш бу шайн дайша лелийначу бусалба динан некъана а.
А.Духаев,
Нохчийн Республикин Архивийн урхаллин Iилманан-талламан белхан а, хаамийн-лахарийн системийн а отделан хьаькам.
Статья гочйинарг – С.ХАСАНОВ
№11, шинара, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де, 2018 шо