ТIаьхьарчу 10 шарахь Россин Федерацин культурин министерствон гIоьнца Россехь дIахьош ю «Дерригдуьненан Парамузыкин фестиваль».
Оцу проекто гойту цуьнан дакъалацархой могашалла ледара хиларе хьаьжна ца Iаш царна шаьш билгалйинчу Iалашоне кхача аьтто беш хилар.
ХIора шарахь дIахьочу оцу фестивалехь Россин Федерацин 20 субъектера пара-артисташа дакъалоцу, фестиваль вовшахтухучара шайна тIелоцу дакъалацархошна оьшучунна харжаш яр.
ХIора субъектийн меттигерчу Iедалан а, спонсорийн, шуьйрачу хаамийн гIирсийн гIоьнца проект гIарайолуш ю, Россехь а, дозанал арахьа а болчу а хьовсархошна луш а ю.
ХIора шарахь керлачу артисташа дакъа а лоцу цигахь. Фестивалан дакъалацархой церан видеоматериалашка хьожжий схьакъастош бу.
ТIаьхьарчу массех шарахь Нохчийн Республикин векалша а цигахь дакъалацар юьхькIам бу. Соьлжа-ГIалара хилла ца Iаш, республикин ярташкара бахархой а хуьлу фестивалехь дакъалаца лаам болчийн могIаршкахь.
2018-чу шарахь фестивалан кхоъ мур хир бу, берийн а, баккхийчийн а номерш схьакъасторон Iалашонца. Фестивалан юбилей хиларца доьзна бIаьста а, аьхка а дIахьур бу хьалхара мур.
Фестивалехь дакъалаца луучарна хаа луушдерг карор ду Парамузыкальный.РФ агIон тIехь.
№12, пIераска, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2018 шо