ХIокху шеран кхолламан (январь) беттан 26-чу дийнахь Нохчийчохь Итон-Кхаьллан кIоштахь схьайиллинчу берригемуьрийн туристийн-садаIаран «Ведучи» курортехь «Когсалазаша дIакхойкху» аьлла йолу проект дIайолийна.
Оцу проектан дуьххьарлера дакъалацархой Итон-Кхаьллан а, Таьзбичан а школашкара дешархой бу. Иштта хаам бо «Къилбаседа Кавказан курорташ» Акционерни юкъараллин пресс-службо.
И тайпа дарсаш дIадахьарна лерина 2018-чу шеран чиллин (февраль) баттахь «Къилбаседа Кавказан Курорташ» компанис кечйина майда ю «Ведучи» курортехь. Чиллин (февраль) беттан 6-чу дийнахь дуьйна «Когсалазаша дIакхойкху» проектана юкъайогIуш дешаран-кхеторан дарсаш дIадахьа долийна.
«Ведучи» курорт схьайоьллуш дакъалаьцначу дуккха а дешархошна лиъна кхидIа а и спорт дIалело, хаам бо «Къилбаседа Кавказан курорташ» Акционерни юкъараллин пресс-службо. Дарсаш еккъа теорица хилла ца Iа, леррина кечйинчу ломан басахь Iамабо дешархой. Дарс цхьана сахьтехь эхасахьтехь хуьлу. Оцу хеначохь говзанчаша дуьйцу лаьмнийн спортан бакъенех лаьцна а, иштта кхерамазалла а йовзуьйту.
Иштта йолу спортан говзалла караерзор Iаламат доккха дозалла хета дешархошна, цара схьадийцарехь. ХIора минот а хазахеташ, цара жигара дакъалоцуш дIайолу.
– «Къилбаседа Кавказан Курорташ» компанин коьртачу стратегин Iалашо ю лаьмнийн спортана юкъа дуккха а нах балор. Цундела, Итон-Кхаьллан кIоштара бахархой юкъа а озош, проекташ дIаяхьар мехала ду. Россехь и тайпа проект йолу масех шо ду. Кхиазхоша а, кегийрхоша а, баккхийчара а езаш тIеэцна ю. Нохчийчуьрчу бахархошна и спорт езалург хиларх тешна ву со. Юххерчу кIошташкара нах баьхкина ца Iаш, ерриге а регионерчу наха дакъалоцур ду аьлла хета цигахь, – боху шайн сайта тIехь «Къилбаседа Кавказан Курорташ» компанин коьртачу директора Х.Тимижевс.
Хь.ДАУДОВА
№12, пIераска, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2018 шо