Робототехникин декъехь къона говзанчаш билгалбехира

Соьлжа-ГIаларчу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун А-Хь.Кадыровн цIарахчу дешаран туьшахь дIаяьхьира робототехникин декъехь Iилманан-инженерни ойланийн «WinterRobo-Shows» Къилбаседа Кавказан федеральни округан чемпионат.

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерстон дIадолорца республикин Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон гIоьнца вовшахтоьхнера иза. Цуьнан координатор яра Соьлжа-ГIалара Берийн (кегийрхойн) техникин кхоллараллин «Кванториум» туш.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн тIедилларца кхин тIе долу дешар кхиоран Iалашонца дIадаьхьна гIуллакх дара иза. Цигахь лараме хьаша вара Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр И.Байханов.

Чемпионат кхаа декъах лаьтташ яра: дIадолоран-маршаллин, къовсаман, совгIаташ даран.

Маршаллин дешнаш аьллачул тIаьхьа, бераш шайна къастийначу чоьнаш чу дIасадахара. Дагестанерчу, Кхарачойн-Чергазийчуьрчу, Къилбаседа ХIирийчуьрчу къоначу дешархоша-кхоллархоша йовзийтира шайн къаьсттина а, командийн а роботаш.

Ялх номинацехь – «Траектория квест», «Шорт-Трек Lego», «Чертежник», «Шорт-Трек Robo», «Creative Robotiсs», «Робо-сумо» – дIадаьхьира къийсадаларш.

Коьрта суьдхо яра техникин Iилманийн доктор, Къилбаседа Кавказан федеральни округан Пятигорскерчу Сервисан, туризман, дизайнан институтан гIишлошъяран кафедрин профессор Г.Данилова-Волковская.

Къийсадаларш чекхдевллачул тIаьхьа, суьдхоша жамIаш дечу хенахь, бераша хьешийн самукъадаьккхира концертан программица. Цул тIаьхьа техникин туьшийн хьехархоша, сцени тIехь йолчу монитора тIехь схьа а гойтуш, бовзийтира шаьш беш болу болх.

И дерриге а дIадирзинчул тIаьхьа, берийн дегнаш ловзадохуш, схьакхайкхо йолийра тоьллачеран цIерш.

«Траектория-Квест» къовсамехь хьалхара меттиг яьккхира М.Манучаровс («IRONROBOT» команда), шолгIа меттиг – К.Сфиевс («Кванториум Дагестан»), кхоалгIа – А.Тевсаевс («RoboGroz»).

«Шорт-Трек Lego» къовсамехь хьалхара меттиг яьккхира Хь.Тутаевс («Лидер»), шолгIа – И.Багаевс («RoboGroz»), кхоалгIа – Хь.Хамзатовс («Робо-Зверь»).

«Чертежник» къовсамехь И.Эдильгириевс, Э.Бенос («Робоцентр-Лицей») хьалхара меттиг яьккхира, шолгIачу меттехь вара А.Акаев («Робосонник»), кхоалгIа жамI гайтира М.Азаевс, Р.Умиевс («Лидер»).

«Шорт-Трек Robo» Р.Магкаевс («IRONROBOT») хьалхара меттиг яьккхира, Т.Напольниковс («RoboGroz») – шолгIа меттиг, Т.Габеевс («IRONROBOT») – кхоалгIа.

«CreativeRobotics» къовсамехь «Imperator» командерчу Р.Назировс хьалхара меттиг яьккхира, шолгIа – И.Ерижоковс а, Т.Губжевс а («SunnyCity»), кхоалгIа – К.Макоевс («Gim»).

«Робо-сумо» къовсамехь хьалхара меттиг яьккхира I.Хункаровс («РОБОЦЕНТР-ЛИЦЕЙ»), шолгIа – I.Эскаевс («Робо-Гумс»), кхоалгIа – А.Гудаевс («RoboGroz»).

Тоьллачарна дипломаш а, мехала совгIаташ а дира. Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра И.Байхановс, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун А-Хь.Кадыровн цIарахчу дешаран туьшан директора М.Усмановс, берийн технопаркан «Кванториум» Республикин берийн (кегийрхойн) техникин кхоллараллин туьшан директора I.Ахъядовс, Г.Данилова-Волковскаяс.

СовгIаташ динчул тIаьхьа командийн куьйгалхоша билгалдаьккхира Чемпионат лакхарчу тIегIанехь вовшахтоьхна хилар. Цара берашна тIедиллира тIейогIучу хенахь кхин а гIолехь, вайна оьшуш йолу кхоллараллин проекташ кхочушъяр. Иштта проекташ церан хилла ца Iаш, церан кхиорхойн, вайн Правительствон а, Даймехкан а, вайн массеран а дозалла хилла дIахIуьттург хилар билгалдоккхура цара.

Цул тIаьхьа массара цхьаьна суьрташ дехира.

Ала деза, чемпионатехь тоьллачу бераша дакъалоцур ду бекарг (март) беттан 7–9-чуй деношкахь Москвахь дIахьур йолчу «РобоФест – 2018 Ерригроссин робототехникин фестивалехь».

Л.ДАУТОВА

№12, пIераска, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: