Нохчийн Республикин Юкъараллин палата вовшахтохарца граждански юкъараллин барт чIагIбаран а, пачхьалкхан урхаллин органаша а, юкъаралло а цхьаьна гIуллакхаш даран мур дIаболабелла Нохчийчохь. Юкъараллин палатин болх, махкана а, бахархошна а чIогIа оьшуш бу.
ДIадаханчу шеран эсаран (октябрь) баттахь дуьйна Юкъараллин палатин председатель ву Денильханов ИсмаьIал. Иза оцу даржехь волу дукха хан яцахь а, дан ларийнарш дуккха а ду. Тхоьца шен хиллачу къамелехь мехала гIуллакхаш довзийтира цо.
– Де дика а, болх беркате а хуьлда шун, ИсмаьIал! Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин болх дIаболабар муха нисделла хьан? Дан ларийнарш, бина хийцамаш бовзийтахьа.
– Уггаре а хьалха, болх дIаболош, структурни декъехь хийцамаш бина оха. Болх бевзаш а, гIолехь а болу говзанчаш схьабалийна. Юкъараллин палатин декъашхой бу регионехь дика бевзаш болу юкъараллин-политикин гIуллакххой, Iеламнах, Iилманчаш, яздархой, спортсменаш, могашалла Iалашъяран а, дешаран а, культурин а, шуьйрачу хаамийн гIирсийн а векалш. Масех керла проект ю хIокху шарахь кхочушъян лерина, хIинцале а дIадолийна уьш кхочушъяр (царах лаьцна лахахь довзуьйту).
Кхечу субъекташкарчу Юкъараллин палаташца юххера зIенаш латтайо оха. Къилбаседа Кавказан Федеральни округана юкъайогIучу дуккха а регионашца барт бина цхьаьна гIуллакхаш дIадахьа. Иштта, вовшашца гергарло а лелош, дIахьош йолу проекташ самукъане а, нахана пайдехь а хуьлу.
Карарчу хенахь уггаре а коьртачарах ду бекарг (март) беттан 18-чу дийнахь дIабахьа леринчу харжамашна кхачам боллучу барамехь кечам бар. Цу декъехь къахьоьгуш бу тхан белхахой. Иштта, Юкъараллин тергамхой бу палато билгалабаха безаш. Ши бIе сов стаг тергамхо хир ву аьлла, къастийна ву хIинцале а. Царна харжамашкахь хаа еза бакъенаш йовзуьйтуш болх дIахьо оха.
Кегийрхошна тIехь терго латтор а мехала хета тхуна. Дуккха а ю тхан оцу декъехь дIахьош проекташ. Кегийрхой патриотически ойланехь кхиор ду уггаре а коьртаниг. Цундела, бIаьхаллин декхарш тIехь долуш болчу кегийрхойн дог оьцуш, эскарехь гIуллакх дан церан дог доуьйтуш цхьаьнакхетарш дIахьо тхан говзанчийн тобано.
– ИсмаьIал, ахь элир-кх луларчу регионашкарчу Юкъараллин палатийн векалшца зIенаш латтайо аьлла. Вайн республике богIий уьш? ХIун тайпа гIуллакхаш хуьлу церан вайца?
– Дукха хан йоццуш Къилбаседа ХIирийчуьра Юкъараллин палатин векалш бара Нохчийчу баьхкина. Ишттачу цхьаьнакхетаршкахь оха дийцаре до бахархойн а, юкъараллин цхьаьнакхетараллийн а, меттигерчу Iедалан органийн а, коммерцин йоцчу организацийн а хьашташна лерина а, юкъараллин коьрта гIуллакхаш а.
Иштта, Къилбаседа Кавказан Федеральни округана юкъайогIу регионаш социальни а, политикин а, экономикин а кхиорна лерина долчу бахархойн дIадолоршна гIо-накъосталла даран проекташ йийцаре йо.
– Кхиазхошца а, кегийрхошца а шаьш дIахьош долу гIуллакхаш довзийтахьа.
– Ас хьалха ма-аллара, оцу декъехь дIахьош къаьсттина дукха гIуллакхаш ду тхан. Таханлерчу дийнахь уггаре а коьрта лоруш ду кхиазхой а, кегийрхой а кхетош-кхиоран белхаш. «Экстремизм», «терроризм», «наркомани» – оцу кхаа зуламах ларбан безаш бу вайн кегийрхой, уьш хьарамчу, нийса боцчу новкъа ца бовлийтархьама. Леррина оцу декъехь болх дIабахьа вовшахтоьхна говзанчийн тоба ю.
Цул тIаьхьа ду уьш культурин декъехь кхиор. Махкахь а, махкал арахьа а бевзаш болу культурин белхахой, яздархой, поэташ, кхиболу юкъараллин гIуллакххой кхойкху оха кегийрхошца цхьаьнакхета. Цаьргахь долу Iилма а, кхетам а цара схьаэцаре сатуьйсу. И тайпа цхаьнакхетарш Нохчийчуьра ерриге а кIошташкахь дIахьо.
– ХIокху шеран бекарг беттан 18-чу дийнахь Россехь дIахьур болчу харжамех лаьцна а, Нохчийчохь цу декъехь беш болчу кечамех лаьцна а дийцахьа.
– Харжамаш дIакхайкхийчахьана дуьйна бахархошна харжамех лаьцна цигахь дакъалацар мехала хиларх лаьцна дуьйцуш ду тхо. ХIора кIиранах, бохург санна, семинараш дIахьо.
Кегийрхошка а, бакхийчаьрга а дуьйцу харжамийн мехаллах, хIораннан кхаж оьшуш хиларх лаьцна. Иштта, оцу харжамашкахь хила безаш болу Юкъараллин тергамхой а бу оха хIора дийнахь Iамош, цаьрца дIахьош леррина семинараш ю. КIошташкахь бехачу Юкъараллин тергамхойн шайн тIебахка йиш ца хилча, тхаьш кIошташка дIа а доьлхуш дIахьо оха и тайпа семинараш.
– Карарчу шарахь дIаяхьа лерина уггаре а коьрта проект йовзийтахьа.
– Вай хIинца бийцина болу харжамаш вайн регионехь лаккхарчу тIегIанехь дIабахьар ду хIокху шарахь уггаре а коьрта. Цул тIаьхьа йогIу, набахти чохь бохкучу нахаца кхетош-кхиоран болх дIабахьарна лерина вовшахтоьхна йолу проект. УФСИН-ца цхьаьна дIахьош ю оха иза. Цуьнан мехалла Iаламат йоккха ю, хIунда аьлча, шайгара яьлла ледарло йийцаре йича, ша дина зулам бахьана долуш, шех мел доккха шех къа хьаьрчина дагадаийтича, и стаг дохко волу ша диначунна, охьатаIийначуьра шайн кортош хьала ца таIош Iаш хуьлу дукхахберш. Уггаре а коьртаниг, шайгара даьллачун ойла йо цара.
И стаг кхана вайна юккъе юхаван везаш ву. Кхоччучу барамехь иза дохко ваьлла ца хилахь, цо юха а зулам дан мега нахана. Цундела, леррина тидам тIебахийтина оха оцу проектана.
– Эскарехь гIуллакхдан декхарийлахь болчаьрца Юкъараллин палато дIахьош болчу балхах лаций а дийцахьа, ИсмаьIал.
– Дуккха а кегийрхой бу вайн эскарехь гIуллакхдан кхайкхина. Буденовскехь, Майкопехь, Буру-ГIалахь, кхечанхьа гIуллакхаш деш бу уьш.
Нурадилов Ханпашин а, ОвгIанехь тIом бинчеран а тIаьхьенех кегийрхой бу цаьрца цхьаьнакхета буьгуш берш.
Коьртачу декъана цара дуьйцу вайн къоман юьхь хиларх а, и ларъяр махкахоша эскарехь гойтуш ерг мехала хиларх а лаьцна. Цара кхечу халкъийн векалшца лелийна йолу юкъаметтигаш дика хилахь, кхана (царах эпсарш хилча) церан вовшашца йолу юкъаметтиг лераме хирг хиларх лаьцна. Кхечуьнца тарвала хаа деза хIоранна а. Цунах кхето хьовсу тхо кегийрхой.
– Юкъараллин палато дIахьош я дIаяхьа лерина цхьа а конкурс юй?
– Карарчу хенахь вовшахтоха йолийна ю «Юкъараллин ларам» аьлла конкурс. ХIокху шарахь дIайоло езаш ю иза. Жигара граждански хьежамаш болу нах бу оцу конкурсехь билгалбохур берш. Тайп-тайпанчу дакъошкахь дIахьур ю оха и конкурс, масех номинаци а хир ю. Коьрта совгIат хIун хир ду хIинца а билгалдаьккхина дац.
– ИсмаьIал, хIун лаамаш бу хьан?
– Уггаре а коьртаниг, нохчийн халкъ бертахь а, маьрша а дахар ду, вайна массарна а санна, суна лууш дерг. Оцу декъехь къахьоьгуш вайн республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан а, цунна гонахара накъостий а бу. Ткъа цунна вайгара оьшург накъосталла ду. Вай цхьа барт хилар йоккха синпаргIато ю суна.
Юкъараллин палатин белхаш нийсачу хоршахь дIабахьар ду суна коьрта. Сайн ницкъ кхочучу барамехь вайн юкъараллина пайдехь хила хьожур ву со, Дала мукъ лахь!
Хь.БАХТАЕВА
Суьрта тIехь: Денильханов ИсмаьIал
№12, пIераска, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2018 шо