Халкъийн цхьааллин денна лерина «Нохчийн Республика – ДоттагIаллин цIа» фестиваль хилира 4-чу ноябрехь Зорбанан цIийнан актови залехь. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан председатель Абдурахманов Дукхуваха, республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Жамалдаев Шаид, цуьнан заместитель Гудаев Лоьма, иштта кхиберш а.
Халкъийн цхьааллин де даздаран гIуллакх дIадолош вистхилира Ш.Жамалдаев: «Ас шу дерриге а декъалдо кху денца. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца, къоман политика кхиорехь жигара беш болх бу. Вайна ма-хаЬара, вайн республикехь тайп-тайпана къаьмнаш деха. Вайн цаьрца ларам хила беза. Я тIамах бевдда баьхкина, я кхидерг тIехIоьттина, вайгара гIо эшна схьабаькинарш вай тIе а лоцу», – элира цо.
Д.Абдурахмановс бигалдаьккхира цхьаалла йолчохь толам хуьлуш хилар. «Вайна массарна а дагадогIу, тIеман хенахь вайн республикехь хилла долу сурт. Ткъа тахана вайна гуш ду-кх мел хазъелла дIахIоьттина вайн республика. Белхан гIуллакхна кхечу гIаланашка вахар дукха нисло сан. Вайн республикехь санна хаза-м дац цигахь. Кхечу къаьмнашца марзо а, барт а хила беза. Уггаре коьртаниг – цхьаалла хилар ду, хIунда аьлча, цхьаалла йолчохь толам хуьлу».
Вайн республикехь дехачу къаьмнийн: оьрсийн ногIийн, гIумкхийн ж1айхойн, г1алаг1азкхийн къаьмнийн культурин марказаша концертни программа гайтира. Цул тIаьхьа, Жамалдаев Шаида Халкъийн цхьааллин денца доьзна, церан белхан мах хадош Сийлаллин грамоташ елира культурин марказашна. Официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, фестивалехь дакъалаьцначу къаьмнийн культурин марказаша кечдинчу даарийн чам баьккхира хьешаша.
З.ЛОРСАНОВА
Р.Абдулмуслимовн сурт