Вайн республикехь а, цуьнан дозанал арахьа а дика вевзаш ву Цуруев Шерип, нохчийн яздархо, поэт, журналист, публицист, Iилманча-филолог, гочдархо, юкъараллин деятель.
Ш.Цуруев вина 1963-чу шеран кхолламан (январь) беттан 20-чу дийнахь Гуьмсан кIоштарчу ГIезлой-Эвлахь.
1980-чу шарахь цо чекхъяьккхира юьртара юккъера школа.
1981–1983-чуй шерашкахь Советийн Эскарехь гIуллакх дира. Цигара цIавеанчул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультете деша вахара.
1988-чу шарахь иза чекхъяьккхинчул тIаьхьа школехь а, хьехархойн училищехь а, хьехархойн институтехь а хьехархочун, гуманитарни Iилманийн Iилманан-талламан институтан Iилманан белхахочун, Гуьмсерчу хьехархойн училищен директоран белхаш бира.
Цул тIаьхьа «Орга» журналан коьртачу редакторан заместитель а, тIаккха «Васт» газетан редактор а хилира.
Нохчийн халкъана цхьа а бехк-гунахь а доцуш, коча тесна, бале баьлла болу тIом Соьлжа-ГIалел арабаьллачул тIаьхьа, къоман шуьйрачу хаамийн гIирсийн болх меттахIотто, газеташ а, журналаш а арахецар юха а дIадоло уггаре а хьалха гIевттинчарах цхьаъ вара Цуруев Шерип.
Оцу уггаре а чолхечу а, жоьпаллечу а муьрехь «Даймохк» газетан коьрта редактор чIагIвира иза. ХIетахь чIогIа хала дара газет кечдан а, арахеца а. Бохийна, хIаллакбина бара республикера полиграфин гIирсаш. Редакцин белхахой дIанисбан чоьнаш, царна болх бан а, охьаховша а стол-гIант дацара, паргIат дIасаваха таро яцара – массанхьа а дIахIиттийна луьра посташ яра.
Кечдина газет арахеца Теркан кIошта я луларчу Дагестан республикин ХIинжа-ГIаларчу издательстве ваха везара. Ткъа цигара газеташ схьада мел хала дара. Посташкахь сецош, атта чекх ца волуьйтура. Цигахь ха деш берш, хIоразза а кхето а, тешо а безара схьадохьуш долу газеташ маьрша продукци хиларх.
Ткъа цкъацкъа посташкахь чекх а ца довлуьйтий, тIекхаьчначу юьрта чудирзина, буьйсанаш яха езаш меттигаш а йогIура. Иза къонахалла а, доккха собар а хила дезаш дара. Иза дерриге а шена тIехь лайра Шерипа. Амма газет шен-шен хенахь арадолура.
Ша кхочушдинчух тоам ца хуьлуш, даима а керланиг, гIолехь дерг лохуш, юкъадалош амал йолуш ву Шерип.
2005-чу шарахь «Хьехархо» цIе йолу газет диллира цо, цуьнан коьрта редактор а хIоьттира. Шерип, иштта, Нохчийн Республикин Iилманийн академин нохчийн маттахь арахоьцуш долчу Iилманан «Таллам» цIе йолчу журналан редактор а ву.
Заманан декхарша хьалхахIитточу лехамашна жоп луш болу чулацаме зорбанан гIирс арахецарна, белхан коллектив вовшахтоха хьуьнаре хилла ца Iаш, Шерип ша а ву газетан а, литературин а муьлххачу а жанрашкахь кхачам боллуш говза материалаш язъян похIма долуш волу журналист. Цо язйина, меттигерчу газеташкахь а, журналашкахь а зорбатоьхна, арайийлина очеркаш, интервьюш, публицистикин статьяш.
ТIаьхьарлерчу хенахь кхечаьргара янне а йоцуш дIаяьлла ала мегар долуш йолу литературин произведени талларан, цуьнан дика агIонаш а, кхачамбацарш а кароран, уьш билгалдахаран, и дарца произведенин авторна шен дика а, ледара а агIонаш йовзийтаран корматалла дика карайирзина цунна.
Шерипан дуккха а ю литературин критикин материалаш. Журналистикин а, литературин а ерриге а жанрашкахь язйина материалаш дика, чулацаме, ешархочунна пайдехь йолуш нисло Шерипан.
Ш.Цуруев лаккхара корматалла йолуш журналист, литературин критик хилла ца Iаш, амма язъяран шен хатI, кеп йолуш волу яздархо, поэт а ву. Иза стихаш язъян волавелира школехь доьшуш волчу хенахь.
Цуьнан стихаш зорбатоьхна, арайийлира Нажи-Юьртан кIоштан «Маяк коммунизма», Гуьмсан кIоштарчу «Красное знамя», кхечу а газеташкахь.
Шерипан литературин кхоллараллин корматалла кхиъна, лакхаелира литературин «Пхьармат» цхьаьнакхетарна, цуьнан декъашхо хилла, иза юкъавахача.
Цуьнан стихаш араевлира къоначу яздархойн коллективни гуларшкахь: «Iуьйренан сахьт», «Малх лаьцча», кхиерш а. Иштта, зорбатоьхна, араяьлла Шерипан кхо гулар: «Йиса, Нохчийчоь», «Теша, Даймохк», «Цхьа мерза-гIайгIане мукъам».
Шерипан стихашна мукъамаш язбина меттигерчу композиторша. Поэтан стихашна тIехь даьхна иллеш кест-кеста олу, эшарш а лоькху республикин эстрадин артисташа. Поэтан дуккха а стихаш оьрсийн а, балкхаройн а, хIирийн а, кхечу а меттанашка яьхна, йовзийтина луларчу республикийн литература ешархошна.
Цул сов, Шерип ша а ву дика гочдархо. Цо нохчийн матте гочйина Д.Кугультиновн, Р.Гамзатовн, Ю.Кузнецовн, Ф.Алиеван, С.Гуртуевн, кхечу яздархойн произведенеш.
Ала деза Шерипа 1987-чу шарахь Тбилисехь къоначу поэтийн Ерригсоюзан фестивалехь дакъалаьцна а, «Единая Россия» партин региональни отделенис дIаяьхьначу республикин литературин конкурсехь хьалхара меттиг яьккхина а хилар.
Дукха хан йоццуш цо вовшахтоьхна «Нохчийн Республикин интеллигенци» клуб. Цуьнан президент Ш.Цуруев ву. Клубо боккха болх дIахьо интеллигенцина юкъахь. Вовшахтуху тайп-тайпана цхьаьнакхетарш а, республикин бевзаш болчу векалийн дахарехь хилла дика хийцамаш юкъараллина бовзийтар а, кхидолу гIуллакхаш а.
Шерип Нохчийчохь «Яблоко» партин республикин региональни отделени йиллар дIадолийнарг а, 2004-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттера 2008-чу шеран чиллин (февраль) батте кхаччалц, оцу отделенин председатель а, ткъа 2008-чу шарера карарчу хене кхаччалц оцу партин Федеральни Советан Нохчийн Республикина тIера декъашхо а ву.
Республикин культурин министерствехь йолчу юкъараллин Советан председателан заместитель ву Шерип.
Къоман литература, журналистика кхиорна а, дуккха а шерашкахь кхоллараллин болх барна а «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца совгIат дина цунна, Правительствон а, ведомственни а дуккха а кхин совгIаташ а ду Шерипан. «Литература» номинацехь «Дашо бухIа» совгIатан лауреат ву.
Россин Яздархойн союзан декъашхо, Нохчийчоьнан Яздархойн союзан правленин декъашхо, Россин Журналистийн союзан декъашхо ву.
С.МАГОМАЕВ
№12, пIераска, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2018 шо