Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира республикин могашалла Iалашъяран министарца Сулейманов Эльханца а, «Раймед Групп» махлелоран компанин генеральни директорца Раджив Кумарца а.
«Раймед Групп» компани медицинин гIирсаш а, лаккхарчу технологийн материалаш а ечу производителийн официальни дистрибьютер ю. Медицинин гIирсаш бечу заводийн продукци йовзийтар а, иза дуьне ма-дду йохкар а бу компанин болх.
Соьлжа-ГIалахь медицинин гIирсаш баран гIуллакх, цунна оьшуш йолу инвестицин проект кхочушъярца доьзна гIуллакхаш а дийцаре дира цхьаьнакхетарехь.
К.Раджива дийцира шаьш деана гIуллакх иза пхенийн стенташ, лабораторин талламаш беш оьшу а, кегийчу операцешна оьшу а медицинин гIирсаш беш йолу завод йиллар ду аьлла.
«Кийча продукци дикаллин мах хадоран кхаа муьрех чекхъяккха езар ю. Оцу гIуллакхна 2 сменехь болх бан Iамо везар ву 340 белхахо», – элира цо.
Могашалла Iалашъяран министра Э.Сулеймановс хаам бира оцу проектана оьшуш йолу гIишло билгалйина хиларан хIинцале оцу чохь къахьоьгуш технологаш хиларан хьокъехь.
«Шайн гIирсаш дIахIитто кийча бу компанин векалш. ХIокху шеран мангалан (июль) баттахь производство дIайоло дагахь бу. Медицинин гIирсаш беш йолу завод схьайиллича вайн республикина кхачойина ца Iаш, луларчу Гуьржийн, Эрмалойн, Азербайджанин республикашна а йохка продукци хир ю вайн», – элира Э.Сулеймановс.
Р.Кадыровс билгалдаьккхира республикин бахархойн могашалла Iалашъяр республикин куьйгаллин коьртачу декхарех цхьаъ хилар.
Медицинин тоьлла гIирсаш а, лабораторешна оьшуш йолу материалаш а вайн республикехь еш хилча, вайн больницашкахь аьтто хир бу тахана республикел арахьа деш долу дарбанаш а, лабораторин талламаш а кхуззахь бан. Уьш меттигерчу медицинин учрежденешкахь беш хилча нахана а гIолехь хир ду.
И мехала проект кхочушъярехь оьшуш долу гIо-накъосталла дан кийча ву республикин Куьйгалхо.
З.ХИЗИРОВА
№12, пIераска, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2018 шо