Соьлжа-ГIалахь машен аренде эца йиш ю хIинца

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалахь схьадиллира федеральни каршеринган (автомобилийн арендин) «Делимобиль» компанин цхьа дакъа. Вайн республикин бахархошна а, хьешашна а йоццачу ханна машенаш аренде эца таро лур ю цо (цхьана минотах 7 сом мах а лоруш).

Иза схьаделларна леринчу даздарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель Байтазиев Муслим, Нохчийн Республикин транспортан а, зIенан а министр Черхигов Рамзан, Соьлжа-ГIалин мэр Хучиев Муслим, «Делимобиль» сервисан акционер, «Микрокапитал» а, «General Invest» а инвесткомпанийн бухбиллархо Трани Винченцо, «Делимобиль» сервисан коьрта директор Сысоев Леонид, цуьнан заместитель Грошов Станислав.

Республикин Куьйгалхочо шен къамелехь бахархой а, гIалин хьеший а декъалбира керла сервис схьаелларца.

«Делимобиль» сервис Нохчийчохь дуьххьарлера каршеринган компани ю.

Цуьнан филиалаш Россин миллионал алсам бахархой болчу гIаланашкахь бен ян а яц: Москвахь, Санкт-Петербургехь, Екатеринбургехь, Нижни Новгородехь, Уфахь.

Лакхахь билгал ма-даккхара, «Делимобиль» сервисо вайн бахархошна а, хьешашна а машенаш аренде эца таро лур ю. Нохчийчу богIучу туристийн барам алсамболуш хиларе хьаьжча, республикина мехала хилам бу иза.

Кадыров Рамзана билгалдаккхарехь клиенташ компанина реза а бу, оцу гIуллакхан кхиамах тешаш а бу.

«Jeneral Invest» компани йиллинчу Трани Винченцос баркалла элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна.

«Делимобиль» сервис Нохчийчохь схьаеллар къаьсттина мехала гIуллакх ду. Трани Винченцос билгалдаьккхира кхузахь туристашна а, бизнес кхиорна а тIехдика таронаш хилар а, республика кхиорна юкъа жимма дакъа дилла шен йиш хиларх ша дозалла деш хилар а.

ЦIен аса а хадош, автомибилийн сервисан болх дIаболийра Кадыров Рамзана а, Трани Винченцос а. Цул тIаьхьа республикин Куьйгалхо сервис муха болх беш ю хьаьжира, ша машен а хохкуш.

«Делимобиль» сервисан Соьлжа-ГIаларчу филиалехь цкъачунна хин ерг Hyundai Solaris маркех 30 машен ю.

АЛИЕВ ИбрахIим

№12, пIераска, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: